Рейтинговые книги
Читем онлайн Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 17 18 19 20 21 22 23 24 25 ... 38
дац. Цуьнан бакъо йац и дийца…

– Суна-м хаьа, Решед, ахь иза хазахета ца лачкъийний. Амма, оцу гІуллакхаша вайнехан вуон цІе йоккхуьйту. Йа нохчашна вуониг олийла лаьа хьуна? Ас цхьа таро йийр ма йара шуна, ахь соьга аьллехь.

Решедан ши бІаьрг хих буьзира, балда озийра. Берриге ницкъ тІе а бахийтина, ца велха гІоьртира иза, амма цуьнан ницкъ ца тоьура бІаьргех тІех туьйсу хиш а, логе гІерта шад а сацо.

– ХІун боху цо? – хаьттира хІинццалц вист ца хуьлуш Іийначу Сарыбайс.

– Цо ца лачкъийна хьан Іахар, – элира Іабдул-Іаьзама, Сарыбайга бІаьргашца ишарш йеш.

– Муха ца лачкъийна? Товханахь дотту жижиг стенан ду? – Іабдул-Іаьзама шега йина хичаш ца гиначу Сарыбайс, берашна тІе а вахана, цхьаннан гІевлангарчу гІайби кІел куьг а дахийтина, тІеда кхакха схьабаьккхира.

– XIapа хІун йу? ХІара ткъа?

Цхьацца гІайба хьала а ойъуш царна кІелхьара схьабаьккхина кхо кхакха Іабдул-Іаьзамна хьалха тесира цо. Берийн маьхьарий девлира.

– ХІорш хІун йу? Сан устагІийн кхекхий дац хІорш? – бохура Сарыбайс. – Йа хьан хьайн жа дара? Ас, таІІийна акт хІоттийна, кху Делан сохьта коменданте дІавуьгуьйтур ву хьо!

Комендантан цІе йаьккхича, тІехь коч йоцуш волу цхьа кІант, хьала а иккхина, вахана, Решед шен берзинчу букъа тІехьа а лоцуш дІахІоьттира, ткъа йоккхахйолу йоІ Зараъ, йан а йеана, Іабдул-Іаьзаман настарех хьаьрчира.

– Ваша, – мохь белира цуьнан, – ма вигийталахь цуьнга тхан Решед камдат волчу! Оха хІун дийр ду иза вигахь, тхан-х да-нана а дац… Ас хІун дийр ду тІаккха берашна?… Ваша-а-а, Решед ма вига алахьа цуьнга…

Бераша дог Іовжийна воккха стаг, йоьІан Іаьржачу месех куьг а хьоькхуш, кийрахь воьлхура.

– Тхаьш мацалла лахь а, оха кхин хІумма а лачкъайойтур йац Решеде… Алахьа Сарыбайга, оха, тхаьш даккхий хилча, болх а бина, и уьстагІий дІатокхур ду…

– Ма йелха, Зараъ! ХІумма хир дац…, – йоІана маслаІат дан гІертара Іабдул-Іаьзам.

Сарыбайс лелочо цецваьккхина Іабдул-Іаьзам шен дахарехь дуьххьара оьгІазвахара.

– Айхьа дуьйцург хІун ду хаьий хьуна? Акт хІоттадо? Коменданте-м хьовха, Сталине а дІадахьийта! Дайъийта цуьнга хІара буобераш! Уьш шайн махкахь дитинехьара, цара хьан уьстагІий лачкъор дацара, кху тІуьначу цІа чохь мацалла мажделла Іохкуш а хир дацара, шуьниш санна, доьшуш, ловзуш лелаш хир дара! ХІаъ, Іедална йамарт хилла, Іедална зуламдина, далийна уьш кхуза? Йуха а таІзарна дІалу! Ахь Іадбитича а, кхо де далале, Дала Ша дІаоьцур ду хІорш!

Сарыбай воьхна хьаьвзира. Къоладинарг ша волуш санна, иэхь хетта, цІийвелира иза.

– XIapa xIун гІовгІанаш йу аш йийраш? – йистхилира, церан дов а хезна, чуйеана Сарыбайн зуда Умсунай. – ХІунда йоьлху Зара, хІун хилла берашна?

– Сарыбай ву-кх хІорш коменданте дІабала гІерташ!

– Іабдулла-акхсакхал, сан кийрахь адаман дог дац моьтту хьуна! – мохь белира Сарыбайн.

– Бераш? Коменданте дІало бохург хІун ду? – майрачунна тІейирзира йоккха стаг. – Далла дохку байш! Хьо хьера-м ца ваьлла, чал6? Ма доккха хІума хили и хьан гирзаш даьлла кхо Iaxap…

– Хьайна цахуург ма дийца. Йоло цІа гІо. Цхьа а вац бераш коменданте дІадала гІерташ!

– Вала, вала! Хьалхавала! Хилийтахьа, кхоъ-м хьовха, кхойтта уьстагІ а, кхойтта эмкал а. Ас айса токхур ду уьш. Охьадахка кхекхий а. Берашна кІелтийса дика хир ду уьш.

– ДІадовлийша дІа! –огІазвахара Сарыбай – Шуьша ший а ца кхетта сох. Оццул къиза хила, со экха ду-м ца моьтту шуна? Кхекхий дІахьур ду ас. Хьала-охьа а, дахкалур ду, кхузахь дитича.

– Мегар ду. ДІаэца хьайн кхекхий а. ДІа аравала чехка! – кхекхий кара а делла, шен майра теттина неІарх араваьккхира йоккхачу стага. ТІаккха, Зараана тІе а йахана, иза шен маракъевлира цо. – Ткъа хьо ма йелха, сан жима лулахо. Хьо йацахьара-м, каьмпаран дан хІумма а дацара. ХІокхо-м, денна йогІуш, суна хи а дохьу, керт-ковхь гІуллакх а до. Кхана Іуьйрре чал лам тІе гІур ву, вайша цхьаьна Іийр йу. Тоьур ду, ма йелха хІинца.

Бераш дІа а тедина, Іабдул-Іаьзамца арайелира Умсунай.

– Суна хаьара Решеда уьстагІий лечкъадой, – элира цо шаьш кех девлча, – хІетте а сайна хІумма цахуучуха, Іадда Іара со, берех къахетара. Амма новкъа- м дара лулахо йамарт хилар. ХІун дийр дара ткъа? Хазахеташ ма ца лелара иза. Воккхачу стага сийсара схьа ца лаьцнехь, со-м, уьш хьан лачкъийна а ца хаьа аьлла, къайладохур ду бохуш, Іаш йарий. ХІумма а дац. Оцу кхаа уьстагІах тхо дехаш а хир дац, йа къий а лур дац.

– Баркалла хьуна… шуна массарна а, Умсунай, – элира, цІеххьана собарх а воьхна, ша Сарыбайна барттохарна дохковаьллачу Іабдул-Іаьзама, – суна ма хаьа хьо оцу берийн дола деш хилар. Цхьа мисканаш бу-кх уьш. Ца бала гІерташ, лела-кх. Дийцина хІун до цуьнан, хьуна хьайна а гуш ду-кх цаьргара хьал.

– ДІавалахьа, ма дийцахьа уьш! Цул, чу а дахана, цхьаьний чай мер ду вай. Бепиг-м дац сан, амма Іаламат дика чай ду, шура а тоьхна кхехкийна. Вало.

– Чай мала-м меца а вацара со, амма Сарыбайна хьалха бехказвала ца веача-м ца волу. ШайтІа даг чу а иккхина, халахетийти ас цунна.

– Иза-м тоххара дицделла хир дара цунна.

Умсанайна тІаьхьа дІаволавеллачу Іабдул-Іаьзамана гира хьалхалеррачохь хІоьттина лаьтта Хелипат а, голашна тІе охьа а лахйелла Іен Зану а. БІаьрг ма-кхийтти хиира Іабдул-Іаьзамана цхьана хІуманна тІехула цаьршиннан барт ийгІинийла.

– ХІун хилла шуьшинна? – хаьттира цо, тІе а вахана

– Шеллуш, йегош, ирахь а ца Іелуш йу хІара, – Занугахьа корта ластийра Хелипата, – цІа а гІой, охьайижа аларх, дІа а ца йоьду. Вайшинца дІайогІу ша, боху.

– Могаш йацахь, цІа йаха йеза, Зану. Тхойшинна кхин накъостий нислур бу. ЦІа йахалур йуй хьо?

– XIaъ…

Галйуьйлуш, дІайолайелла Зану некъо голатухучухула къайла йаллалц цунна тІаьхьа хьоьжуш а Іийна, Хелипате, ша хІинцца схьавогІу а аьлла, СарыбайгІеран керта вахара Іабдул-Іаьзам. УьйтІахь кертах тесна лаьттачу боккхачу Іожачу старана хьалха йол таса гІерташ воллуш Сарыбай а, цунна тІе а хІоьттина, дов деш лаьтташ Умсунай а карийра цунна.

– ГІовгІа а ца йеш, чугІохьа, каьмпар! ХІара хІун ду ша дан ткъа? Іедале дІадала дезарг-м хьо а, Іабдулла-акхсакхал а дара. Ши Іовдал! Шуна-м, дера, моьттура, и халла ирахь лела бер а эцна, со комендант волчу ваха воллу. Со басмач ву-м ца моьтту шуна? Амма ашшимма доккха гІо даьккхи цуьнгахьа. Ишттаниг цуьнга кхин ца леладайта, иза кхеро гІертара со, ткъа ашшимма со бехке во. Ас а магийтича, кхечо а могуьйтур ду моьттуш, иза цхьа адамалла доцчу стеган керта гІортахь? Цо, вига а вигна, Іедале дІалур ву, тІаккха иза ваьккхина берийн колоне дІавуьгур ву. Йа, Іедале дІа а ца луш, лечу хьола тІе валлалц йеттар йу. Иштта меттигаш кІезиг ца хилла. Байъинарш а бу. Шаьш диканиг до а моьттуш, цунна зулам до аш.

– Бехке ву-кх со, Сарыбай. Вайша вовшех

1 ... 17 18 19 20 21 22 23 24 25 ... 38
На этой странице вы можете бесплатно читать книгу Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров бесплатно.
Похожие на Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров книги

Оставить комментарий