Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Тахана санна, йочане, амма бІаьстенан йуьхьан де дара иза. Шовзткъе итт километр генара цІерпоштан некъа тІера стерчийн, говрийн ворданашца, эмкалийн ковраца схьабалийна ткъа доьзал йуьртан клуба чу охьахаийра. Масех доьзал цхьана вагонна чохь а болуш, инзаречу гаттехь цхьана баттахь цІерпоштан товарни вагонаш чохь шайн лаамехь доцуш биначу бехачу некъо гІелдинера адам. ХІетахь хІораммо а сатуьйсура, мичча махка, мичча хьоле кхийсина а, цкъа оцу вагонаш чуьра ара а даьхна, цІена хІаваъ чу а узуш, паргІат садаІаре. Цара сатийсина сахьт тІекхаьчнера. Амма хІинца а гуш дацара церан дегнашна маслаІат. КІадделла, гІелделла, бехделла адам. Доьлхучу берийн маьхьарий, цомгашчийн узарш. Цабевза мохк, меттигерчу къоман ца хаьа мотт, цайевза амалш. Церан хІораннен а йиша-ваша, гергарниш, йуьртахой бара. Амма мичхьа кхийсина-те уьш, хІун хилла-те царах? Маца гур бу-те уьш, йа гур а буй-те? Хаац. Хиндерг цахааро гІайгІане дожийнера адам. Ткъа оцу генарчу лаьмнашкахь царна, дуьне къайладоккхуш, тІегІертара Іаьржа, тийна, сингаттаме буьйса…
Оцу йоьхначу буса генарчу Тянь-Шанан лаьмнашкахь дуьххьара дийкира нохчийн назманан аз. Йуьхьанца ша дека доладелла иза дІаийцира йуххехь хиъна Іачу шимма-кхаамма. Цхьа-ши минот йалале, воккхачу стагана гуонах гулбелира цу чуьра берриге а божарий. ДІатийра берийн белхарш, цомгашчийн узарш а. Йиллинчу неІаршкахула ара а дуьйлуш, Іаьржачу бодашкахула генна дІакхерстира нохчийн ойланечу мукъаман аз.
ХІан-xIa, воккха стаг шен назманца Деле, пайхамаршка, эвлайаашка ца кхойкхура, халкъе кхаьчначу боккхачу бохамна цо леткъамаш а ца бора, цунна бехке болчарна неІалт а ца кхайкхадора. Ша хІетта кхоьллинчу назманца цо йийцира дайшна тІехІиттина халонаш, ца бухуш цара уьш эшор, Даймехкан, халкъан сий лардеш, маршонехьа къуьйсуш эгначу бІеннаш халкъан турпалхойх дуьйцура. Цо чІагІдора нийсонал, бакъонал харцо тола йишцахилар, шен махках халкъ къасто ницкъ дуьненахь цахилар, кхойкхура собаре хиларе…
Назма дІатийча, адам самаделира. Хезара забарш, биэларш. ТІаккха воккхачу стага, клубан жимачу сцени тІе хьала а ваьлла, догцІена вела а къежаш, адамашка хьаьжна, куьг хьалалецира.
– XIa-xIани, сан йижарий, вежарий! – адаман гІовгІа дІатийча, цхьанна а дагахь доцуш, къамел дІадолийра цо. – Мухха делахь а, Іедало, махках даьхна, схьа а далийна, тахана кхуза охьадехкина вай. СхьадогІуш новкъахь дуьйна наха цхьацца дуьйцу. Цхьаболчара – новкъара йухадерзор ду, кхечара – дІа ма кхеччи, вукхара – кхо бутт баьлча, шо даьлча йуха цІа дерзор ду бохуш, хабарш дийцира. Уьш дерриге а шуна хезна. ХІунда, стенна, мича бехкенна, мел ханна вай кхуза далийна хууш стаг вац. Шо, пхи шо, итт шо даьлча а, йуха вешан махка дерзо дагахь ца даьхна вай махках. Кхин цкъа а вайна вешан Даймохк бІаьрга ца гайта дагахь далийна. Амма иза иштта хуьлийла дац. Мацца дирзина а, вайн халкъ цІа доьрзур ду. Тхуна къеначарна, и де, и мохк ца ган а мега, амма вайн тІаьхье шен Даймахка цІа йоьрзур йу. Дийнна халкъ шен махках а даьккхина диса йиш йац. Дукхахберш шина йуьртара нах бу кху чохь, ткъа, со санна, йиша-вешех, йуьртахойх а къаьстина нисвелла масех стаг ву. Вайна ца хаьа вешан йиша-вешех, йуьртахойх хилларг. Цундела хІораннен а даг тІехь гІайгІа йу. Варийлаш, дохий ма хьийзалаш, собаре хилалаш. Йиша-вешех, йуьртахойх хилларг а хуур ду, вовшашна тІе а кхочур ду, йиша-ваша цхьанхьа а гуллур ду. Дика адамаш доцуш халкъ дац дуьненахь цхьана а махкахь. Сайн дахарехь дуккха а адамаш, дуккха а къаьмнаш девзина суна. Цхьана доьзалехь а вуон доьзалхо, цхьана халкъа йукъахь вуон адамаш а нисло. Ишттаниш кІезиг хуьлу. Амма халкъашна йукъахь вуон халкъ хуьлуш дац. Вай кху бухарчу халкъана тІедиссина хьеший ду. Хьаша оьзда хила веза. Кхузахь дехаш кхечу къаьмнийн адамаш а ду. Цаьрца тардала деза вай а. Цул сов, хІоранна а хаа деза вуочу стагехьа цхьаннен а безам ца хуьлийла. Волчу дена-нанна а ца веза вуон доьзалхо. Вай дика хилахь, вайца дика хир ду кхузара адамаш, вай вуон хилахь, вайца вуон а хир бу уьш. Цундела вай доха ца деза нохчийн гІиллакхех, къонахаллех, оьздангаллех, собарх, доьналлех.
Воккхачу стеган къамелах цхьа дош а шайна ца хезаш тІехтиларна кхоьруш санна, леррина ладоьгІура чохь болчу наха. Хезара йукъ-йукъа бер делха доьлча, и дІатедан гІерташ, нанас шабаршца и хьоьстуш йа човхош.
–ТІехула тІе, вайх хІоранна а хаа деза, вайн пачхьалкхехь массанхьа санна, кхузахь а Іедал хилар, цо бохург ваьш дан дезар а. Тахана вай схьадалош новкъахь сан къамел хилира кхузарчу колхозан председательца а, йуьртдеца а. Вайх хІор а доьзална кечйина хІусамаш йу. ГІаддайначунна гІо дийр ду, боху. Берашна деша йуьртахь ишкол йу, цомгашчуьнга хьажа лор ву. КІелвисина цомгаш верг охьавижо гена йоццуш, районехь, больница йу. Тховса вайга са а даІийтина, кхана вай вешан хІусамашка дІасадахале, йуьртан куьйгалхоша оцу дерригенах а лаьцна къамел дийр ду вайга. Уьш схьабахкале, шу кечдан лууш дуьйцу ас хІара. Іедало а, наха а шайн ницкъ кхочу гІо дийр ду вайна, амма Іедал а, адам а дика ду, тхо-м цара кхобур дара бохуш, паргІатдевлла Іен йиш йац вайн. ХІусамашка дІатарделлачул тІаьхьа, колхозан балха довла дезар ду. Варийлаш, вай вешан махка сихха цІадоьрзур ду бохучу эладитанех а теший, дийший ма Іелаш. Дала а боху, бахьанаш леладе. Къинхьегам, Іедална муьтІахь хилар, адамашца ийна, адамашна тешаме хилар – иза ву шуна вайн гІоьнча. Цул сов, хІинца а чекхбалаза тІом бу. Цигахь хІаллакьхуьлуш ду дукха адам. ТІамо адам гІелдина, къийдина. Вайн цигахь санна, массанхьа а мехкан берриге ницкъ тІамехь леташ долчу эскаршна гІоьнна хьажийна. Кхузара могаш-таза берриге а божарий тІаме а бахана, бахаман гІуллакхаш зударийн, берийн, къеначийн кочахь дисина. Уьш ца ларабо, царна хала ду. Схьадийцарехь, мацалла тІегІоьртина Іаш бу хІорш. ХІинца шуна хаа деза башха вайна гІо дан аьтто болуш кхузара Іедал а, адамаш а цахилар. Оцу зударшна, берашна, тІамехь леташ болчу бІаьхошна вайгара къинхьегаман гІо оьшу. Оцу дерригенах а кхеташ хила деза вай. Йуха а сан дехар ду шуьга нохчийн оьздангаллех, къонахаллех, гІиллакхах цадохар. Варийлаш, шайн хІусамашка дІатарделлачул тІаьхьа, колхозан балха довлалаш. Ткъа хІинца, гІеллой ца Іаш, делалой, декхалой хила! Иллеш ала, эшарш лакха! Кегийраша, мехкарша хелхаран бал баккха! Бохам, хало тІехІоьттича, вайн дай а ца цІийзина. Иза вайгахь товр дац. Дала аьтто бойла вайн!
***
Цхьана эсарчу мохо
- Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров - Историческая проза
- Память – это ты - Альберт Бертран Бас - Историческая проза / Исторические приключения / Прочие приключения / Русская классическая проза
- Территория - Олег Михайлович Куваев - Историческая проза / Советская классическая проза
- Виланд - Оксана Кириллова - Историческая проза / Русская классическая проза
- Однажды ты узнаешь - Наталья Васильевна Соловьёва - Историческая проза
- Сталин и народ. Правда ГУЛАГа - Михаил Юрьевич Моруков - Прочая документальная литература / Историческая проза / Публицистика
- Старость Пушкина - Зинаида Шаховская - Историческая проза
- Люди остаются людьми - Юрий Пиляр - Историческая проза
- Горюч-камень - Авенир Крашенинников - Историческая проза
- Её Я - Реза Амир-Хани - Историческая проза