Рейтинговые книги
Читем онлайн Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 16 17 18 19 20 21 22 23 24 ... 38
латта муха лело деза! Колхозан болх а бийр бу. Бошмаш йийна девлча, цІенош а дугІур ду. ХІаъ, маьІІаргонна дицлора-кх суна. Пачхьалкхо вайна луш долу кхачанан сурсаташ алсамдаьхна. Гур ду шуна, цхьа-ши шо далале, вай, вешан вархІий ден ца хилла бахам а болуш, даха охьаховшуш! Ирс хуьлда шуьшиннан, Дала дукха йахайойла шуьшиъ!

Ши зуда шена некъ буьтуш сецна моьттуш, цаьрга и тІекаре а йина, тІехваьлла дІаволавелира воккха стаг.

– Іабдул-Іаьзам! – тІаьхьа мохь туьйхира Хелипата.

Воккха стаг, саца а сецна, йухахьаьжира.

– Делхьа, лакха ломан чІожара ара ма-веллинехь долчу ІандагІна тІе кхаччале велла Іуьллуш ву-кх тхан эвлара Аюб. Цунна хІун де-те вай?

Іабдул-Іаьзаман гира серийн цІов меллаша шершина лаьтта бахара. ЦІеххьана кхоьлира йуьхь. ХІун дара-те къонахчун йуьхь тIe гІайгІане марха теснарг? Дийнахь сарралц болх бина, кІадвелла цІа вогІучу цуьнан къеначу дегІо мало йора-те йуха лома хьалавала, велла стаг цІа вало? Йа шен нийсарг новкъахь, воьдуш лаьтташехь, Іожалло лацаро шен а ойла йайтира-те цуьнга? Шина зудчунна хетарехь, и гІайгІане вожийнарг оцу шиннах цхьаъ дара, амма и шиъ гена йара бакъдолчунна тІекхиа.

Воккха стаг, цаьршинга кхин хеттарш ца деш, хьаж тІе куьг а лаьцна, гуонаха дІасахьаьжира. Схьахетарехь, цо шена накъост лоьхура. Амма оцу цІемзачу дийнахь урамехь гуш стаг вацара. Иштта таро йоьхна иза хІоьттина лаьтташ, йуххерчу кертара аравелира воккха стаг Сарыбай. Цунах бІаьрг кхетча, сапаргІатделира Іабдул-Іаьзаман.

– Ассалам Іалайкум, Іабдулла-акхсакхал! – генара мохь а тоьхна, тІевеанчу цо шина а куьйга Іабдул-Іаьзаман куьг лецира. – Шу догІанехь ма лаьтта? Сингаттам болуш xІума-м ца хилла?

– Керла сингаттам бац, Сарыбай, ша даим берриг бен.

– КІант хІун деш ву? Дукха хан йу иза суна ганза.

– Дика ву. Ткъа хьан йоккха стаг йуй могаш? КІентан кехат деаний?

– Каьмпар4 а могаш йу, кІентан кехат а деана. ХІинца цкъа дийна ву иза. Кестта, тІом чекх а баьккхина, цІа вогІур ву ша, боху. – Сарыбайс, дІаса а хьаьжна, доккха садаьккхира. – Акхсакхал, хьо дукха сиха вацахь, хьоьца жимма гІуллакх ма дара сан.

– Схьадийцал.

– Зударий болуш дийца ца лаьара суна.

Ши стаг йуьстахвелира.

– Іабдулла-акхсакхал, суна жимма халахетар хилла. Кхо уьстагІ байна сан цІера. Хьуна ма-хаъара, со буьйсанна наггахь бен цІахь хуьлуш а вац, уьш лачкъош шена хиъча а, каьмпар арайала а йаьхьар йац. Ас хІун дан деза, акхсакхал? ТІаьххьара болу кхо уьстагІ а лачкъийна, витина-кх со.

– Нохчех дегабаам бу хьан?

– Бу, дера, муха ца хуьлу, тІаьххьара Іахар лачкъийна къу суна сайн шина бІаьргана гина хилча.

Іабдул-Іаьзаман йуьхьах цІе летира. «Веза Дела, ма йоккха йуьхьІаьржо йу-к xIapa! – бохура цо ша-шега. – Ма дукха гІиртира-кх со гІуллакх кху хьола тІе ца далийта. Нах ца бала гІерта, хьокхарна хьалха со йуьхьІаьржа хІуьтту!»

– Мила ву къу?

– ХІара сан лулахо Решед цІе йолу кІант ву-кх.

– Бакъ хир дац иза! Решед жима ма ву.

Сарыбайс дегабаам бира.

– ХІета, со харц луьйриг ву-кх. Жима ву! Ас къоланна тІехь схьалаьцначу минотехь хьайна иза гинехь, эр дацара ахь иштта. Іахар схьа ца бала, ша вала а, со виэн а кийча-м дера вара! Делхьа, шен жималла хІуъу дан а иэхь ма дац кхунна аьлла, хийтира суна. Ткъа, вуьшта а халла ирахь лелачу кхунна адамо тухур а ма йац, кхана акхсакхалца дуьйцур ас аьлла, Іахарца дІавахийтира ас.

– Валол, хІета, чу а гІой, хьажий вайша.

ЦІеххьана ши стаг цІа чу ваьлча, вагийча санна, товханна хьалхара хьалаиккхинчу Решедан аьтту буйнахь доккха урс къегира. КІегий санна, богу бІаьргаш цушинна тІе а боьгІна, меллаша йуха а ваьлла, соне дІахІоьттира иза. Цуьнга хьаьжна Іабдул-Іаьзам гІаддайна велавелира. Дан а дара сурт беламе. Товхана хьекхийча санна, кІуьрзаша Іаржйина оза йуьхь, буьйсанна бодашкахь цициган бІаьргашка тера оцу тІехь, кІегий санна, богу ши бІаьрг, баьлла тхонкех5 тарбелла корта. Цуьнан дегІехь ницкъ бацара шел жимачу берана дуьхьало йан а, амма иза воккхачу шина стагах лата кечвеллера.

– Дика мел дерг догІийла шуьга, Решед! – вистхилира Іабдул-Іаьзам.

ТІаьхьа чу ваьлла Сарыбай бен, Іабдул-Іаьзам гуш а воцчу кІентан карара урс лаьтта охьадуьйжира, воккхачу стеган девза аз хезча. Амма хаьттинчу маршаллина дуьхьал цо жоп ца делира.

Іабдул-Іаьзам чухула дІасахьаьжира.

Корах чу гІийла серло кхетта бодане цІа. Шардеш хьахаза, кІуьро Іарждина шога пенаш. ЦІенкъа даржийначу матардоьллачу чана тІетесначу истанга тІехь, цхьа шо хьалха цІена хиллачу, амма хІинца боьхачу йургІанех хьирчина, моггІара дийшина Іохку бераш. Товханахь йогучу алу тІехь овкъарех йуьзна Іохку жижиган цуьргаш.

– Бераш цомгаш-м дац? – хаьттира Іабдул-Іаьзама.

– Дац.

– Жижиг доттуш ца хилла хьо? ХІара мичара даьлла хьуна?

Решедан корта охьабахара. ХІинца хІун дан деза? Кхин стаг хилча-м аьшпаш боьттина а, валлалц дуьхьало йина а, къар ца луш кІелхьарвала гІоьртур вара, ткъа Іабдул-Іаьзаме харцдерг дуьйцийла ма йац. ТІехула тІе, Сарыбайс схьа ма лаьцна иза Іахар тилош. ХІун дан деза? Веза Дела, цаьршинна хаахьара, цо шен дуьхьа иза ца лачкъинийла! Цуьнан шен дейтта шо бен дац. Ткъа кху чохь Іуьллу цуьнан кхо йиша а, ши ваша а цул жима ду. Уьш меца дара, цара йуург йоьхура. Церан да хІорш цІера бохучу дийнахь вийна, ткъа нана ши бутт хьалха кхелхина. Ша тІаьххьара са дІалуш, берийн доладар доьхуш, нанас весет дина Решеде. Ненан весет кхочуш а ца деш, цунна дуьхьал эхарта гІойла ма дац цуьнан. Ткъа иза нанна дуьхьалхІотта а ца йисина дукха хан. ХІан-xIa, сийсара цо Іахар дІалур бацара, шен дегІах дакъа ца дича. И хиира Сарыбайна. Цундела дІавахара Сарыбай. Амма… амма хІунда веана Іабдул-Іаьзам цунна хьалха а ваьлла? Иза-х хьекъал долуш стаг ву. Цунна-м хаа ма дезара Сарыбайн Іахар цо хазахета ца лачкъийнийла…

– Ахь шен уьстагІий лачкъийна, боху Сарыбайс. Бакъдуй иза? – хезира цунна.

ХІун ала-те цо? ХІан-хІа, къарвала ца веза! Сарыбай тІаьхьа а хІоттийна, Решед Іораваккха ма веана Іабдул-Іаьзам. Иза иштта веана хилча, цунах цуьрриг а иэхь дац аьшпаш боттарх.

Решед, хьала а таьІна, майрра Іабдул-Іаьзаме хьаьжира, амма цуьнан гІайгІанечу йуьхьа тІера кІайн маж, сийна ши бІаьрг гича, корта йуха а охьабахара. Царна чохь Решедна гира къинхетам, доглазар, бехкбаккхар а. Иза вацара ткъа, йала йоллучу церан нанна уллохь буьйса йаьккхинарг, тІаьххьара а цуьнан бІаьргаш дІакъевлинарг, чІениг хьала а оьзна, йовлакх дихкинарг, шолгІачу дийнахь иза дІайоьллинарг? И ши бІаьрг, цуьнан сийна пхенаш тІе а хевшина лаьтта декъана куьйгаш, дагна там беш долу цуьнан кІеда аз дацара ткъа церан нана лечу буса байлахь дуьсуш долу йалх бер хьаьстинарш, цаьрга диканах дог ца диллийтинарш? Иза вац ткъа, хІетахь дуьйна, денна бохург санна, церан уьйтІа а хІуьттуш, цаьргара хьал-де хоттург, церан дола дан гІертарг? XIaн-xIa, Решеда цуьнга харцдерг дуьйцур

1 ... 16 17 18 19 20 21 22 23 24 ... 38
На этой странице вы можете бесплатно читать книгу Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров бесплатно.
Похожие на Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров книги

Оставить комментарий