Рейтинговые книги
Читем онлайн Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 89 90 91 92 93 94 95 96 97 ... 167
йу аьлла, ойла йира Зеламхас. Хетарехь, оцу заманахь и бIаьвнаш йинарш а, оцу кешнашка дIадоьхкина а адамаш наьрташ хилла хир ду, ца хилча, оццул даккхийчу тIулгех и бIаьвнаш йалур а йацара цаьрга.

5

Iасса хин лакхенца, мелла а йаккхийчу йарташна йуьстах лекхачу лаьмнашна йуккъехь, хин жимачу тогIехь масех цIийнах лаьттачу гIалгIайн кIотарахь Зеламхин доьзал болу шо гергга хан йара. Хетарехь, кхузахь гIалгIай бехаш хилла масех бIе шо хьалха дуьйна. Цунна тоьшалла дара оцу жимачу тогIехь, гIарол санна, лаьтта лекха ши бIов.

Селхана Аюб вара кхуза ван везаш. Иза ца веача, цунна сагатделла, кхуза богIу цхьана болу готта некъ тергалбеш, лекхачу торха тIе охьа а хиъна, Зеламха Ieн ши сахьт сов хан йаьллера. Аюбах дог а диллина, малх гIушлакха баьлча, делкъан ламаз дан а, делкъе йан а цIа веара иза. Керта-арахь кхо ког болчу аьчган очакха кIел йогуш цIе а, цу тIе оьллина, йуькъа Iаь туьйсуш кхехкаш, чуьйнан йай а бара. Голаш тIе а лахйелла, текха чохь ахьаран межаргех хьолтIамаш йеш йоллура Беци. ЦIестан йоккхачу чари чохь бедарш йуьттуш йолчу Зезагна уллохь хабарш дуьйцуш хиъна Iapa хIорш тIебиссинчу xIyсаман нана. Дехьо ловзуш бераш дара. Цхьана тобанехь – Муслимат а, Энист а, вукху тобанехь – Мохьмад а, Лом-Iела а, шина а тобанца кхузара церан нийсархой а. ХIокху кIотарара и сурт гича, моьттур дара дуьненахь цхьанххьа а герз а дац, паччахьаш, Iедал, эскарш, набахтеш а йац, адамашна йукъахь мостагIалла а дац, ткъа Бецин а, Зезаган а кийрахь бала а бац.

Бийсолта цIахь вацара. ХIокхеран ши йетт а, кIотарарчу нехан бежанаш а лохкий, Iуьйранна лаьмнашка воьдура иза. Бежанашна-м Iy ца оьшура. Лаьмнашкахь талла а, нийсалла герз кхийса а воьдура Бийсолта. Стомара кIентан кхиамаш ша зийра Зеламхас. Жима велахь а, Бийсолтин куьг чIогIа, бIаьрг сирла карийра цунна.

Зеламхина сихха хаьара Iедало шена дуьхьал дIа мел баьккхина ког. Кхо де далале хиира цунна Буру-гIалахь хьолахойн гуламехь хилла сацам а, областан начальникан омра а, цо Вербицкийна тIедехкина декхарш а. Гуьмсе базарахь хилларг оцу дийннахьехь хиира. ХIинца Вербицкийн отряд шена тIаьхьа таллар доло кечлуш хилар а хаьара. Газеташ тIехь зорба тоьхнарг Аюба доьшура цунна. Бакъду, газеташ обаргашна тIекхачале, дукхахьолахь, цхьана кIиранна ширлора.

Делкъан ламаз а дина, пхьор а диъна дIатевжина, цхьана сохьтехь са а даьIна, турмал коча а тесна, ша хьалха хиъна Iийначу лома тIe хьалавелира Зеламха. Цо сих-сиха турмал лоцура ломан терхешна тIехула сетташ, хьийзаш хьала болчу, кхуза богIуш цхьаъ бен боцчу готтачу некъа тIе. Эххар а оцу новкъахь гучувелира ши бере. И шиъ некъаца гIарол деш волу хIорш тIебиссинчу хIусамдайн кIант Торшхо а, Аюб а бен хуьлийла а дацара.

Аюб кхачанах кхетийтина вуза а вина, цуьнца йуьстахвелира Зеламха.

– ХIинца схьадийцал, хIун ду керла? – хаьттира цо Аюбе, цIа чохь шаьшшиъ цхьа висча.

– Вербицкийн отрядан коьрта ницкъаш Органца а, Iассаца а хьала лаьмнашка татта кечбеш бу. Гуьмсерчу базарахь адамаш дайъина Ардабьевскийн отряд Хаси-Юьртахь йу. Схьахетарехь, иза Яркхсуций, Ямансуций хьала Нохчмахка гIорта там бу. АрентIарчу цхьацца йарташкара нах лоьцуш бу.

– Кхин хIун ду?

– Газеташ деана ас.

Ара а ваьлла, говран тIоьрмиг чуьра масех газет дохьуш веара Аюб. ГIеххьачул дика оьрсийн йоза-дешар а, мотт а хаьара Аюбана. Амма новкъахь шаьш оьрсий совцийча, церан мотт шена ма-хаъара шера ца буьйцуш, гуттар а маьттазбоккхий, буьйцура цо.

– ХIокху цхьана газет тIехь бахархошка а, обаргашка а Вербицкийс бина кхайкхам а, хьоьга хьайгга, хьан цIарах йаздина кехат а ду, – шина кхайкхаман чулацам Зеламхина боцца дIa а бийцина, Зеламхе йаздина кехат, цхьа дош а ца дуьтуш, гочдира Аюба:

«ХIинца, Зеламха, хьоьга!

Хьан цIе йевза йерриг а Россехь. Амма иза хIумма а хьуна хастаме ца йевза, хьан цIe хьуна эхье йоккху массанхьа а. Хьайн да а, ваша а вала а витина, йамарт, стешха кIилло санна, тIеман арара веддера хьо. Коьллаш йукъа а, тIулгашна тIехьа а лечкъаш, дIаьвшечу лаьхьано санна, дукха адамаш дайъина ахь, оцу тIехьара схьа гучуваьлча, тIе эткан кIажа а хьовзийна, хьайн корта, аьтта, вичIабоккхур буйла хууш. ТIаме а вахана, цигахь майралла а, доьналла а гайтина, паччахье хьайх къинхетам байта аьтто нисбеллера хьан, амма хIетахь ахь иза ца дира, стешха борз сана, цIога а таIийна, лечкъина Iийра. Ткъа хIинца къанделла, кан хилла жIаьла санна, хьесталуш, балхамаш беш, Iедалан хьаькамашка хьайна гечдар, къинхетам боьхуш, дехарш до ахь.

Хьаькамаша хьайн дехарна делла жоп хаьа хьуна. Со кхета, нохчийн дерриг а халкъана хьо къонах хета. Нагахь санна нохчийн халкъана ма-хеттара хьо къонах велахь, нагахь санна айхьа лелориг зударийн шарбал а йоцуш, боьршачу стеган хеча йелахь, нагахь санна хьайн дегIаца жимма а эхь а, доьналла а ларделлехь, сан, эскаран старшинан Вербицкийн, кхайкхамна жоп луш, сох лата меттиг а, хан а билгалъйан йеза ахь. Хьан накъостийн барамехь сайца накъостий а болуш, ахь йиллинчу меттиге, ахь тоьхначу хенахь хьох лата цига дIавогIур ву со. Хьоьца разбойникаш алсам мел хили, дика хир ду, ас лаххьийна бойур бу уьш. Ас оьрсийн эпсаран тешаме дош ло хьуна вайшинна йукъахь хинболчу бартах ца воха. Вайшиннан девна йукъа хьан чIирхой а буьтур бац ас. Тоьур ду аш вовшийн Iенийна цIий.

Амма лата йиллинчу меттиге, билгалйинчу хенахь хьо дIа ца вагIахь, суна карор ву хьо, ведда, дIаваха гIертачу Хонкара хьо дIагIахь а. ТIаккха соьгарчу къинхетаме дог ма дахалахь, ас ирхъуллур ву хьо. Майрачу нохчийн къоман хьакъволу боьрша стаг хьо хилар, хьо кIилло зуда цахилар гайта, Зеламха. Хьайн сацам буьйцуш, соьга, эскаран старшинага Вербицкийга, БуритIа кехат йазде».

Зеламхас леррина ладуьйгIира. Цуьнан йуьхьа тIе хьаьжча, ца хаалора иза огIазвахар а, дарвалар а. Цкъацкъа, корта а хьовзабой, велаозавора. Ша кехат дешна ваьлча, цуьнга хьаьжира Аюб.

– Кхин хIумма а йаздиний вайх лаьцна?

– Цхьана эпсаро жимма йаздина кхечу газет тIехь.

– Дешал.

«ХIокху тIаьххьарчу хенахь разбойниках Зеламхех лаьцна бакъдолчунна аьттехьа а доцу хабарш даьржина меттигерчу интеллигенцина йукъахь. Зеламха лакхара дешар а дешна, кIорггера Iилма а, хьекъал а долуш, цхьана а ницкъах ца кхоьруш, турпала стаг ву, иза, эпсаран духар тIе а духий, гIаланийн урамашкахула маьрша волалой лела, хьаькамийн хIусамашка а воьду, иштта дIa кхин а дуьйцу. Зеламхин схьавалар а, дахар а, амалш а, гIиллакхаш а суна дика хаьа. И разбойник Ведана-округерчу Хорачахь вина могIарера нохчо, бежIу ву, цхьанххьа а цхьа а дешар дешна а, цхьа Iилма хууш а вац, оьрсийн мотт хаъане а ца хаьа. Майраллех а, турпалаллех а хIумма а дац цуьнца. Ша цхьа кIилло, пекъар хилар гайтира

1 ... 89 90 91 92 93 94 95 96 97 ... 167
На этой странице вы можете бесплатно читать книгу Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров бесплатно.

Оставить комментарий