Рейтинговые книги
Читем онлайн Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 66 67 68 69 70 71 72 73 74 ... 167
ведда Хонкара ваха воллуш хиллерий-те хьо?

Зеламха бехказвала гIоьртира.

– Ахь ма-аллара, Саламбек, сан йаьIни тIехь сан зуда а, пхи бер а, вешин зуда а, цуьнан жима кIант а ду. Тхан цIийнах дийна висина боьрша стаг веккъа цхьа дейтта шо хенара Бийсолта ву. Иза бер ду. Да а, ден вежарий а, вежарий а, шичой а байъина. Хонкара дIаваха сайн аьтто хиллехь а, со цигахь Iийр вацара. Доьзал дIа а тарбина, шуна тIе йухавогIур вара. Дуьненахь айса йаккха йисинчу хенахь шуьца халонаш лан а, Iожалла тIеэца а…

– Иштта тхоьга ала ма дезара ахь, Зеламха.

– Айса дагалаьцнарг кхочушхилахь эр ду бохуш, Iийнера…

– Хьайна иза дага ма-деъанехь ала дезара. Ледарло йалийтина ахь.

Шен дахарехь оцу дийнахь санна йуьхьIаьржа ца хIоьттинера Зеламха. Цул тIаьхьа Саламбекана йуьхь-духьал хьажа ца хIуттуш лийлира иза йеххачу хенахь. И къамел хиллачул тIаьхьа Хонкарах дог диллира цо. Дог диллира маршонах а, машаречу дахарх а. Амма валлалц ваха везара. Доьзал кхаба а безара. Цо а, цуьнан накъосташа а. Цундела цара некъахой а, туьканаш а, пачхьалкхан почта а, банкаш а талайора. Амма оцу тIехь даим а ца хуьлура кхиамаш. Цара совцийначу нахехь, почтехь, банкехь ахча кIезиг йа данне а доцуш меттигаш нислора дукхахьолахь.

Зеламхас ахча даккха кхин некъаш лоьхура.

4

Хьалха заманахь луларчу халкъашца тIом болуш йийсаре лецна нах а, йа машаречу хенахь лачкъабой амалтана нах а балош меттигаш хилла нохчийн. Уьш цхьаберш дуьхьалончо йийсаре бигначу шайн нахаца хуьйцура нохчаша, хьолахойн цIийнах берш, дуккха а мах боккхуш, болчаьрга дIалора, шайна ахча а делла, дIаэца хьал долуш нах боцурш лоллехь совцабора.

Мескатхойн Мохьмада ахчанах йуха дIавохка гуьржийн эла амалтана валорах лаьцна цхьа дийцар доцург, хьалха заманахь леллачу оцу гIиллакхах лаьцна кхин хIумма а дац халкъан барта кхоллараллехь дуьйцуш. Амма тIаьхьа, Россица нохчийн тIом болуш, и тайпа гIуллакхаш дуккха а лелла. 1802-чу шеран 27-чу сентябрехь гIалагIазкхийн Порабочевски станицана тIелеттачу Таймин Бийболата йийсаре валийра тIаьхьа инарла хилла полковник Дельпоццо. Иза маьршавоккхург вopхI ворда детин ахча дийхира Бийболата. Полковникан гергарчеран оццул ахча гулдан таро а ца хилла, Россехь лотерейш а йаржийна, гулдинчу ахчанах 1804-чу шарахь дIавигира полковник. Цул тIаьхьа, Шемалан заманахь, оьрсийн эпсарш-дворянаш йийсаре а лоьцуш, церан гергарчаьргара дуккха а ахча а доккхуш, дIахоьцуш меттигаш дуккха а хилла.

Уьш цхьадерш, Сиржа-Эвларчу Жамаьлдин кIанта Заурбека дуьйцуш, хезнера Зеламхина. Дуккха а ойланаш йинчул тIаьхьа, оцу некъашца ахча даккха сацам хилира цуьнан. Дуьххьара цо амалтана валийра некъийн инженер Турченко. Цунна тIехь Зеламхин ойла сацаран шатайпа бахьана дара. Инженеро къинхетамза талабора некъаш дохуш а, тодеш а белхаш беш болу йоза-дешар ца хуу бодане, миска нохчий. Оцу тIехь Турченкос шена доккха хьал IаIийнийла, хаьара Зеламхина. Белхаш бечу нохчаша аьрзнаш дора Iедале, амма уьш цхьаммо а ца толлуш, жоп доцуш дуьсура. Зеламхас, новкъахь дуьхьал а ваьлла, ахча ло, ца лахь, ша вуьйр ву хьо аьлла, кхерам тесира цунна. Турченкон доьзал бацара. Шен карахь цхьа кепек а ахча дац, иза гIопехь ду, Зеламха цига дIавагIахь, ша ахча лур ду, элира Турченкос. Зеламха резахилира. Буьйсанна хIара дIавогIур волу хан билгал а йира. Шаьшшиммо бина барт къайлехь латтор инженере тIе а лацийтира. Амма Турченкос, ша гIопе вирзича, и барт дIа а бийцина, Зеламха лаца кечам байтира. Зеламха ша цхьаъ ца веара цига, накъосташца веара. Турченкос орца олуш мохь хьаькхира. ОьгIазваханчу Зеламхас иза вийра. ГIеххьачул кхийсарш а йина, ахча а доцуш, гIопера арабевлира уьш.

Хаси-Юьртана шовзткъа чаккхарма лахахь, гIумкийн элийн хиллачу махка тIехь, вехаш вара хьалдолу жан долахо Месяцев Архип. Оцу оьрсичун, масех эзар уьстагIал совнаха, дуккха а ахча ду бохуш, хезнера Зеламхина. Аьхкенан цхьана буса, шена а, шен накъосташна а тIе гIалагIазкхийн тIеман духар а дуьйхина, вахана, цуьнан хIусамехь Месяцев лецира цо. 15 эзар сом ахча тIаьхьа даийтахь, цуьнан майра могаш-таза цIа воуьйтур ву, ца даийтахь, вуьйр ву, элира Месяцевн зудчуьнга. Месяцевца цхьаьна цуьнан йиъ говр а йигира цара. ХIорш гена бовлале меттигерчу гIалагIазкхийн а, милицин а орца даьккхира царна тIаьхьа. Амма орца тIенисделлачу кхузарчу йарташкарчу бахархоша хIорш ца баханчу aгIop дIахьажадора иза.

Иштта, кхин некъахьовзам ца хуьлуш, Нохчмахка, бенойн махка, кхечира хIорш. Кхузахь Буццу цIе йолуш цхьа cтаг коьртехь бенойн йоккха тоба дуьхьалйелира царна. ЗеламхагIар шекбевлира царах. Хьанна хаьара, Хаси-Юьртан округан начальнико Ведана хаам а бина, цигара схьа и беной дуьхьалбаьхнехь а. Амма Буццус хIорш тешийра, шаьш дов даккха а, лата а ца даьхкина, шена Зеламхица къамел дан лаьа аьлла. Шиний агIорхьарнаш цхьаьнакхетта, йукъаийча, тешнабехкаца цIеххьана тоьпаш а тоьхна, беноша Солтамурд а, кхо гIалгIа а вожийра, ткъа зоьрталчу, бугIа санна ондачу Буццус тIекхетта, шен андийчу пхьаьрсашца Зеламха маракъевлира. Шайна йетта йолийча, беной дIабевдира, ткъа Зеламхин накъостий, хIара шиъ вовшех хьерчачохь а витина, шайца йийсархо а вуьгуш, царна тIаьхьабевлира. Буццу а, Зеламха а, вовшех хьерчаш, керчаш, басех охьа кIоргачу боьра вахара, хIетта кхуза кхаьчна ГушмацIа, xIapa шиъ а ца гуш, герзаш дуьйлучу aгIop дIахьаьдира.

Дукхазза а Iожаллина дуьхьал хIиттинера Зеламха. Ша цхьаъ а, накъосташца а. Ша цхьаъ бIе мостагIчунна дуьхьал хIоьттича а, кхеравалар хIун ду а, ца хиънера цунна. Ша царна тIехь толам а баьккхина, кIелхьарвериг хиларх а тешара. Амма оцу Буццина дуьхьал ша цхьаъ леташ, шен сих дог диллира цо. Туьйранахь вуьйцу наьрт санна, онда а, къиза а, мекара а вара иза. Зеламхин лергаш, мара, караеана массо а меже ийзош, хьийзайора. БIаьргаш даха гIертара. Барзо санна, логах, йуьхьах цергаш туьйсура. Амма дегIана зоьрталчу Буццел каде вара Зеламха. Берриг а ницкъ тIегулбина, шен дахарехьа къуьйсура цо. Шен сих тIаьххьара а дог диллинчу секундашкахь цуьнан аьтто нисбелира, ираллаш йолчуьра схьалаьцна, шен буйнарчу шаьлтанца Буццин логах чов йан. Оцу жимачу чевнах Iожалла хилира зоьрталчу Буццин.

ПхоьалгIачу дийнахь шен накъосташна тIаьхьакхиира Зеламха. Саламбек, Аюб, Абубакар, Зокку, ТIуьйраг, СаIид, кхиболу накъостий а, цаьрца Месяцев а карийра цунна Бумтана гена йоццуш цхьана кIотарахь. Амма ГушмацIа а, Солтамурд а, кхо гIалгIа а вацара. Беноша байъинера уьш. ХIокхара кхо бено а вийнера. Буццу а, БopгIa а, Хьамзат а. И пхийтта эзар сом бахьана долуш, бархI стаг вийнера. Царна йукъахь Зеламхин да а, ваша а. Беношца мостагIалла тIе а деанера. ХIинца беношна тIехь ши цIий дисина бекхам эца безаш. Иза декха деза Зеламхин, ша къонах велахь. Ца декхахь, нахана иза стаг а хетар вац. Цунах а тешна, цхьа а стаг цунна тIаьхьа а хIуттур вац. Оцу дийнан ойла йича, цхьа маслаIат хуьлу Зеламхина. Цунна бехке xIopш бацара, беной бара. ЗеламхагIеран цаьрца мостагIалла

1 ... 66 67 68 69 70 71 72 73 74 ... 167
На этой странице вы можете бесплатно читать книгу Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров бесплатно.

Оставить комментарий