Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Николай Кузьмич шен кабинета чохь а ца карийна, школан кертахь долчу церан цІа вахара Іалха. Арайаьллачу хІусамнанас, хІара чу ца веача, неІ тІе ца чІегІира.
– Валол чу. Таханлера де билгалдаккха накъост воцуш охьахиъна доллура тхойша.
Іалхина хІинцца дагадеара тахана 23-гІа февраль хилар.
Стоьла тІехь ангалин жимачу кхабанна чу хІоттийна хІетта ломан когашкахь маьлхан басешкахь хьаладийла доьллачу кегийчу зезагийн курс йара. Бошхепаш чохь – борщ, хи чу йоьхкина наьрсаш, копаста а. КхоалгІа гІант хІоттийна, Іалха охьахаийра цара. Буфетан неІ схьа а йиллина, оцу чуьра схьаэцна буьххье боьллина кехатан тІус болуш шиша а, кхоъ стака а деара Николай Кузьмича.
– Оха тхаьш даьккхина къаьркъа ду хІара, Іалха, – элира цо, иза стаканашна чу а дуттуш. – ХІан, дІаэца!
Николай Кузьмич цхьана ханна вист ца хуьлуш Іийра, стаки чу а хьоьжуш.
– Хьомсара накъостий! – долийра цо хьурматечу озаца. – Taхана ткъе ворхІ шо кхаьчна Советски Эскаран а, ТІеман-хІордан Флотан а. Вайн даймахкана уггар халачу шарахь кхолладеллачу Белхалойн-Ахархойн ЦІечу Эскаро турпала некъ бина оцу ткъе вархІ шарахь. Граждански тІамехь контрреволюцин, интервентийн гІеранаш хІаллакйира цо. Польски, японски, фински агрессорш этира. Йерриг Европа шен когашна кІел йоьллина, стешхачу йамартлонца вайн Даймахкана тІелетта, вайн маьрша йарташ, гІаланаш йохош, бІе эзарнаш советски адамаш хІаллакдеш, бІе эзарнаш лолле дІалоьхкуш, хьердевлла лела фашистски экха отуш, лоьллуш, шен тунгари чу дІадуьгу вайн турпалчу эскарша. Дукха хан ца йисина вай толаман де даздан. Даймехкан маршо, сий лардеш эгначу, Даймехкан маршо, сий лардеш тахана а леташ болчу советски бІаьхошна тІера, церан хьуьнаршна тІера, церан аьттонна тІера, толамна тІера хІара кад дІамер вай!
Николай Кузьмича цхьа къурд бина дассийра шен стака. Мария Петровнас, жима къурд бина, охьахІоттийра. Ткъа Іалхас шениг бете а ца даьхьира.
– Іалха, ахь хІун до?! – цецвелира наьрсах тасавелла воллу Николай Кузьмич. – Ахь хьалха-м ма молура?
– Тахана ца молу ас.
– И хІун ду? Тахана а ца мелла, хІара маца а, хьанна тІера а мала воллу хьо?
– Ма хеттахьа, Николай. Цул, соьга хІума йаийтахьа. Тахана кийра рицкъа дахана дац сан.
Мария Петровнас, йовха борщ йоьттина, бошхап хьалха хІоттийра цунна. Іалха йиъна валлалц вист ца хуьлуш Іийра Николай Кузьмич.
– Бехк ма биллахьа суна, Іалха. Суна дагара даьллера нийсса шо хьалха, 23-чу февралехь, шу махкахдахар…Aммa… Шун бохамна бехке вайшиъ санна болу советски тІемалой ма бац.
Іалха, вист ца хуьлуш, мІераца копаста кегош Іара.
– Ас хьуна дийца ма ца оьшу фронтехь вай а, вайн накъосташа а лайнарг, ловш дерг а. Фашисташа оккупаци йиначу Украинехь, Белоруссехь, Россин областашкахь а динарг.
Эххар а мІара стоьла тІе охьа а биллина, дегІ нисдина, доккха садаьккхира Іалхас.
– Иштта-м, дера, дара иза, Николай. Украинехь, Белоруссехь,
Россин малхбузе областашкахь йарташ, гІаланаш йохийна, бІe эзарнаш машаре адамаш дайъина, эзарнаш лолле дигна. Байъинарш а, белларш а денлур бац, амма йийсаре лецнарш а, лолле бигнарш а шайн даймахка цІа боьрзур бу. Украинцаша, белорусаша, оьрсаша шайн йарташ, гІаланаш, бахамаш меттахІиттор бу. Йукъахйисинчуьра дІа керла гІулч йоккхуш дІайолалур йу культура. Йазйийр йу историн керла агІонаш. ХІокху тІамехь шайн халкъаша гайтина турпала хьуьнарш гойтуш. Цара а, вайн махкарчу массо халкъаша а. ХІунда аьлча церан даймохк бу, шайн дайн лаьттах кІоргга тесна орамаш ду церан. Орам буьтуш, хадийна дитт, йуха маргІалш а тосий, денлой, заза доккхий, дІахІутту, цунна тІера даьржинчу стоьмаша кхин хьун кхиайо. Амма орамашца бух даьккхина дІакхоьссина дитт, дакъалой, дахкалой, хІаллакьхуьлу. Ткъа нохчий а, гІалгІай а, кхин масех халкъ а и орамаш бухдохуш шайн даймахках даьхна, казахийн аренашка, лаьмнашка даржийна. Уьш хІаллакьхуьлуш ду, мозий санна, мацалла, шелонна. Шайга беана бохам цалалуш а. Іожалла ца хилла дийна бисинчех хІун хир ду? Цхьа ах бІе, бІе шо даьлча, бухарчу къаьмнех дІаийна, ларйоцуш довр ду и халкъаш. Шайн къоман мотт, истори, культура, гІиллакхаш, амалш йицйина. Дуьненахь нохчийн, гІалгІайн, гІалмакхойн, балкхаройн, кхарачойн, гІирмерчу гІезалойн а халкъаш хиллийла хууш цхьа кІеззиг Іилманчаш хир бу. Оцу халкъийн цІе йоккхур йу «деллачу халкъашна» йукъахь. ТІаккха хаьий хьуна, Николай, сан халкъе беанарг мел боккха бала бу?
Николай Кузьмич, шен киснара бІаран диттах дина томкийн гІутакх схьа а даьккхина, газетах цигаьрка хьарчо вуьйлира.
–Ас-м цхьа бІе шо даьлча хиндерг дуьйцу, – йуха а къамел долийра Іалхас. – Тхо махках даьхна цхьа шо кхаьчна, амма тхо махках дохуш йа схьадалош новкъахь гинчарна, йа кхузахь дехачу халкъашний бен ца хаьа тхо махках даьхнийла, тхоьга хІоттийна Іазап а. Ткъа иза хууш болчу нахах дукхахберш теша тхуна тІехь дина таІзар нийса дина хиларх. Уьш теша, нохчаша Гитлерна гІо дина, нохчаша даймахкана йамартло, тешнабехк бина, уьш шен йерриг исторехь Россина тІелеташ, разбойникаш, цІийна сутара халкъ хилла бохуш, даржочу харц эладитанех. Царна ца хаьа нохчийн халкъо цхьа а кхечу къоман махках цхьа ге латта а дІа ца лаьцнийла а, кхечу халкъан махка тІе а бевлла, цхьана а стеган цІий ца Іанийнийла а, цхьана а халкъан маршонна дуьхьал герз ца айбинийла а. Macex бІе шарахь нохчийн халкъо шен маршонехьа къийсам латтийна паччахьан колонизаторшна дуьхьал. Ткъа нохчийн халкъо Гитлерна гІо муха до, нохчийн махка тІе фашистийн цхьана а салтичо ког биллина ца хилча?
Къамеле бевллачу божаршна йуург йицйеллийла хиъна, Мария Петровна чай кечдан хІоьттира. Даима шен коьртехь бала хилла лаьтта цхьа хаттар дан йукъ ца йолуш, цигаьрка уьйзуш Іара Николай Кузьмич.
– Шуна йукъахь дуккха а бандиташ хилла бохуш а дуьйцуpa…, –волавелира иза.
Амма Іалхас оьгІазе йукъахваьккхира:
– Бандиташ, йовсарш йукъахь йоцуш халкъ дийцал ахь? Украинехь, Белорусехь, Россехь кІезиг бу тахана бандиташ, дезертираш, даймахкана йамарт хилла нах? Фашисташкахьа бевлла, шайн даймахкана дуьхьал летарш? Полицайш? Ткъа Власовн эскар? ГІалгІазкхийн корпусаш? Юккъерчу Азерчу, Закавказерчу, Прибалтикерчу халкъийн легионаш? БІе эзарнаш бу уьш, фашисташкахьа, шайн халкъан даймахкан мостагІашкахьа а, бевлла, советски эскаршна духьал тІом беш, шайн къоман вежарийн цІий Іенош. Буй?
– Бу…, – корта таІийра Николай Кузьмича.
– XIapa тІом болабеллачу хьалхарчу шина шарахь шовзткъа эзар сов нохчо а, гІалгІа а вахана фронте. Царах дукхахберш – шайн лаамехь. Царах цхьа а стаг йийсаре ца вахана шайн лаамехь. Бертаза йийсаре нисбеллачу нохчех а, гІалгІайх а цхьа взвод а вовшех ца тохайелла фашисташка. ХІунда аьлча тхо цкъа а йамарт хилла дац даймахкана, халкъана, доттагІашна а, цхьанне а. Ткъа бандитех дерг аьлча, уьш бацара тхан. Цкъа а хилла а бац. Паччахьан эскарша тхан мохк дІалоцуш, дуьззинчу шина бІе шарахь царна дуьхьал тІом бина нохчийн халкъо. Оцу тІамехь ах халкъ хІаллакьхилча, уггар тоьллачуьра ах мохк шайгара дІабаьккхича, кхин дІа дуьхьало йан ницкъ ца тоьъча, паччахьан правительствоца машаре барт бина, тІом
- Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров - Историческая проза
- Память – это ты - Альберт Бертран Бас - Историческая проза / Исторические приключения / Прочие приключения / Русская классическая проза
- Территория - Олег Михайлович Куваев - Историческая проза / Советская классическая проза
- Виланд - Оксана Кириллова - Историческая проза / Русская классическая проза
- Однажды ты узнаешь - Наталья Васильевна Соловьёва - Историческая проза
- Сталин и народ. Правда ГУЛАГа - Михаил Юрьевич Моруков - Прочая документальная литература / Историческая проза / Публицистика
- Старость Пушкина - Зинаида Шаховская - Историческая проза
- Люди остаются людьми - Юрий Пиляр - Историческая проза
- Горюч-камень - Авенир Крашенинников - Историческая проза
- Её Я - Реза Амир-Хани - Историческая проза