Шрифт:
Интервал:
Закладка:
– ДІаэца, дІаэца, – бохура къеначу узбеко. – СагІина лург дІа ца эцча, иэхь ду тхан нехан. Хьайн да схьавалавай, шаьшшинна йовхха хІума а йаий, кху чохь буьйса йаккха.
Ахча схьа а эцна, царна баркалла а аьлла, аравала кечвеллачу Мансурна улло хІоьттира хьалхалера майор. Цуьнца вара ткъе пхийтта-шовзткъа шо хенара цхьа узбек а. Дехьо нахаца чай молуш хиъна Іен цхьа стаг шена тІе кхайкхира майора.
– Алимжанов, схьавоьл цкъа. ДІога тІай кІел хиъна Іаш кхин а цхьа къена чечен ву хьуна. Кху кІентан да. И шиъ а, хІара стаг а – хІорш кхоъ со волчу дІа а вигий, дежурнега дІало, –Мансур а, важа узбек а хьалхатеттира майоро. – Со хье ца луш дІавогІу ала.
Мансур а, важа узбек а хьалха а ваьккхина, тІай долчухьа дІаволавелира Алимжанов.
«ХІан, хІинца дІадоладели хьуна хІара, – догдуьйхира Мансуран. – Дада тІай кІел вуйла а хиъна. Цхьамма дІааьлла-кх. Йуха а лем11, йаппарш… Дуьхьало йан цхьа жимма а ницкъ а хилла, шух летта ца велча, дош ма дацара хІара…»
Суьйре шийло йара. Цул сов, хин тогІица шийла мох хьоькхура. Голаш мере а оьзна, суьлхьанаш хьийзош хиъна Іара Мата. Уллохь даржийначу газета тІехь Іохкура цхьа буханка кІайн бепиг а, ах кийла хиллал налха а, цхьа литар догІу шиша дуьззина шура а, йакъийна кишмаш а.
Цецваьллачу Мансуран ши бІаьрг къаьрзира. Дийнна бахам бара цунна гург.
– ХІорш мичара йевлла хьуна, дада?
– И ши оьрси хІорш йохьуш йухадеара. Итт туьма ахча а делла вайшинна. Схьа ца эца гІиртира со, амма и шиъ къар ца делира. Чайхане а гІой, цигахь хІума а йааий, буьйса йаккха, бохура…
– Буьйса йаьккхина вели моьтту суна вайша, – доккха са даьккхира Мансура.
Доллучух а кхетта Мата, вевзаш воцчу шина стаге бІаьрг а тоьхна, шен Далла гІуллакх доІица дІа а дерзийна, суьлхьанаш кисана а тийсина, куьг лаьттах а гІортош, хьалагІеттира.
…Поппарх чир йуттуш йиначу лекхачу баролан гІопан готтачу неІарх чекх а ваьккхина, вигна, цхьана ширачу даккхийчу цІенойн неІарехь хІорш кхоъ а витина, чувахана Алимжанов, шеца милцо а валош сихха ара а ваьлла, хІорш цуьнга дІа а белла, дІавахара.Ткъа милцочо, дежурки чу а бигна, охьаховшийра.
Цхьадика, дукха хье ца луш схьавеара майор. Милцочо цунна сийдаларх а, ткъа вукхо цуьнга ларамаза дешнаш кхиссарх а Мансурна хиира майор кхузахь коьрта стаг хилар. Шен кабинете а ца воьдуш, кхуззахь, дежурки чохь, гІуллакх къасто вуьйлира иза. Лем кхушиннан накъостна тІера дІаболийра. Майоро хаттар дича, хьала ца гІоттуш хьевелира узбек. Амма вукхо цІогІане тоьхначу маьхьаро хьалаэккхийтина иза, Іад санна, вулавелла хІоьттира. Оцу цхьана шарахь меттигерчу къоман меттанех гІеххьачул кхеттачу Мансурна хиира и шайца валийна узбек оцу областан кхечу районера хилар а, иза шен йиша йолчу Заркенте воьдуш хилар а, цуьнгахь цхьа а тайпа документаш цахилар а. Маьттаза дешнаш йукъа а далош чехавора иза майора. Амма важа дуьхьал вист ца хуьлура. Майор цхьа хІума аьлла шена тІечевхича, шен йукъах дихкина гата дІа а даьстина, гата кара а лаьцна, ши куьг дегІаца охьа а дахийтина, малвелла дІахІоьттира узбек.
ТІаккха, хьала а гІеттина, тІекхоссавеллачу майоро цхьа къиза катоьхна некха тІера халат шен буйна а хьовзийна, дІаластийна, пенах корта а кхеташ, соне аркъал туьйхира иза. Цуьнан четара охьадуьйжира муьлххачу а узбеко даим а шеца лелош хуьлу церан къоман урс. Схьахетарехь, оцу стаге шен кисанара хІуманаш схьайаха бохуш хиллера майора. Урс гича, кхин тІе а карзахваьллачу майоро, катоьхна халат кочера схьа а лаьцна, озийна хьала а гІаттийна, шена тІе а оьзна, хьерваьлча санна, мохь а хьоькхуш, оцу мисканна бетах масазза а тІара туьйхира.
– Чуволла иза! Соьгара бакъонца бен, цхьа а тайпа рицкъа а ма ло цунна! – эххар а оьрсийн маттахь омра дира цо неІарехь лаьттачу дежурничуьнга.
Дежурни милцо йухавеача, цо шена тІекхайкхийтира цхьа лейтенант. Майоро, шен киснара схьайаьккхина МатагІеран бакъо шена хьалха стоьла тІе охьа а йиллина, йаржош нисйира.
– Мичара вогІу шуьшиъ?
– Ош областерчу Узген районера, – жоп делира Мансура.
– Стенга воьду?
– Джалал-Абад областерчу Караташ районе.
– ХІунда?
– Гергарниш болчу.
– Воккхачу стага хІун до гергарниш болчохь? Иза-х кестта лийр ву. Къена вир. ХьалагІатта! – мохь хьаькхира майоро.
Мата халла хьалаайъавелира.
– Бандиталла дукха лелийний ахь? Фрицашна мел гІодина ахь? AxIa! Цхьана куьйган пІелгаш дац! Хьан даьхна хьан уьш?
– Граждански тІом болчу хенахь…, – йукъагІоьртира Мансур.
– ХІай-xIa! Басмач хиллийца! И дІилда а йу хьан бандитачух тера!
– ХІан-хІа, воккха стаг а, цуьнан ваша а советан Іедалехьа вара. Соьлжа-гІалахь бІедийнан тІамехь чевнаш хиллера цаьршинна…
– Сацийта, зуьдан кІеза! Хьан болх ас йийр йу! Комендатуро бакъо воккхачу стагана бен ца йелла, ткъа хьо мича бакъонца лела?
«Ванах, оцу узбекна санна, тхойшинна а йетта волалахь, охашимма хІун де-те? Дуьхьало йан ницкъ бацахь а, сатохалур ма дац соьга. ТІаккха, дуьхьало йина аьлла, ший а таІІийна чувуллур ву…»
– Со а ву оццу бакъонна тІейазвина. ТІехьа агІор хьажа…
Майоро, стоьла тІе кхоьссина кхушиннан бакъонан кехат схьа а эцна, цуьнан шина а агІон тІе хьаьжира лейтенант. ТІаккха меллаша майоре вистхилира:
– Кху тІехь дерриге а нийса ду, накъост майор. Бакъо ден цІарах йелла, ткъа кІант букъа тІехьа йазвина ву.
– ХІунда сецна шуьшиъ кхузахь? – лейтенанте ла а доьгІна, йуха а мохь хьекха хІоьттира майор. – Узбекистанан территори шайна йихкиний ца хаьа шуна?
– Караташ районе боьду некъ кхузашхула чекхболуш ма бу…
– Некъ, некъ! Некъ белахь, сеца а ца соьцуш, дІагІо. Нагахь санна цхьа сахьт далале районан центрера дІа ца валахь, ас таІІийна чувуллур ву шуьшиъ. Кхетий хьо, вирбекъа? Сан бакъо йу суд йоцуш шуьшинна ткъе пхиппа шо хан тоха. Йахийта!
Матина йовхарш йаьхкира.
– Буьйса тІекхаьчча йаьлла. Сан къена да цомгаш ву. Тхойша мича гІур ву? – ах-оьгІазе, ах-дехарца хаьттира Мансура. – Тхойшиннан долахь хІинца а ши де хан йисина…
– Амма суна йуха цкъа гойла-кх шуьшиъ кхузахь. ХІокху йуьртара аравала ах сахьт хан йу шуьшинна!
Оцу дерриге а къамеле резавоцуш ладоьгІуш а, къеначу Матига доглозуш хьоьжуш а Іийна лейтенант, майор чуьра араволуш тІаьхьа а сецна, Мансуран лере таьІира:
– Шуьшиъ гена вахалур вац. Воккха стаг гІийла ву. ТІайл дехьа ваьлча, дукха генайоццуш цхьа жима чайхана йу шуна. Цигахь буьйса йаккха. Ткъа шаьшшиъ начальникна йуха гучух а ларло. Дера стаг ву шуна иза.
Мата а, Мансур а бода болале йуьртах аравала сихвелира…
XII
Кешнашкара араваьлла вогІучу Іалхина ишколна уллохула тІехволуш дагадеара ша дІабаханчу баттахь партвзнос дІайелла цахилар. И декхар тІерадалар а, суьйранна делахь а, шен хьаша Бороденко гар а хир
- Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров - Историческая проза
- Память – это ты - Альберт Бертран Бас - Историческая проза / Исторические приключения / Прочие приключения / Русская классическая проза
- Территория - Олег Михайлович Куваев - Историческая проза / Советская классическая проза
- Виланд - Оксана Кириллова - Историческая проза / Русская классическая проза
- Однажды ты узнаешь - Наталья Васильевна Соловьёва - Историческая проза
- Сталин и народ. Правда ГУЛАГа - Михаил Юрьевич Моруков - Прочая документальная литература / Историческая проза / Публицистика
- Старость Пушкина - Зинаида Шаховская - Историческая проза
- Люди остаются людьми - Юрий Пиляр - Историческая проза
- Горюч-камень - Авенир Крашенинников - Историческая проза
- Её Я - Реза Амир-Хани - Историческая проза