Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Михеевна тIехIотта, бea бIогIамна тIе аннаш а тоьхна, чардакх кечдинера. Къена вацахь а, Морганияс пхьарс лаьцна хьалаваьккхира инарла. Цунна тIе четар лаьцна, ша улло дIахIоьттира. Чардакхна хьалха а, шина агIор а дIахIиттира инарлин адъютанташ, пурстопаш, гондIарчу йартийн йуьртдай а. Майданахь лаьтташ масех бIе божарий, зударий гича, резахилла, шен дуькъачу, хьaьpсачу мекхех хьажо пIелг хьаькхна, цIоцкъамаш айдина, адамашна тIехула бIаьрг кхарстийра инарлас. Вовшашка лохха къамелаш деш лаьтта божарий а, зударий а дIатийра.
– Шуьца къамел доцца хир ду сан. Дукха дийцарх а, хаза дийцарх а, кхета хьекъал дац шуьгахь. Дала эс, кхетам дIаэцна адамаш ду шу. Разбойникаш чубитинчу, паччахьан эскаршна герзаца дуьхьало йиначу, паччахьан эскаран эпсар, салти вийначу йа иза а, важа а дан разбойникашна гIо динчу нахана а, йуьртана а Iедало хIун таIзар дийр ду хаийта, гулдина шу. Кхузарчу йуьртдена а, шуна а дукха дика хаьа, Зеламха а, цуьнан ткъа разбойник а хьенан хIусамашкахь хилла. Зеламха хьенан хIусамехь хилла, тхуна хаьа. Важа ткъа разбойникаш буьйса йоккхуш хьаьнгахь хилла, ца хаьа. Аш а ца буьйцу уьш тIеэцна нах. Шун йуьртдас а ца буьйцу. Цундела шун йуьртда оцу даржера дIавоккху ас. Йуьртда шаьш харжа шуна йелла бакъо а дIайоккху ас. Тахана дуьйна дIа аш хоржур вац йуьртда, иза Iедало хIоттор ву. Разбойникаш тIеэцначу нехан цIерш хаьа суна, делахь а тхоьгахь цхьа а тоьшалла дац. Цундела законаш ца талхо а, зударех, берех къинхетам бина а, и нах таIзарза буьту ас. Амма Зеламха тIеэцначу вежарийн IодаевгIеран цIенойх а, кхечу гIишлойх а чим бийр бу. Ткъа вежарий IодаевгIар Сибрех каторге бохуьйтур бу. Мел ханна – иза суьдо къастор ду.
Соьлжахошна хаьара, оцу буса Зеламхин ткъа накъост хьенан хIусамашкахь хилла. Морганияс мел кхерамаш тийсарх а, цара дIа ца бийцира шайн йуьртахой. Шайн йурт сийначу цIарах йагийча а, шаьш дерриг а доьзалшца цхьаьна сийначу Сибрех дахийтича а, буьйцур бацара. Кхера-м, дера, кхоьрура. Зударех а, берех а къа а хетара, царах дегнаш а Iийжара. Амма Зеламхин накъостий тIеэцна итт доьзал Iедале дIа а бийцина, церан цIенош а дагадайтина, уьш Сибрех а бахийтина, йуьртана эхь дечул, мел къиза а, луьра а таIзар тIеэца кийча бара уьш. Ткъа Зеламха тIеэцна IодагIар йуьртахоша ца бийцинера. И мотт арахьарчу стага баьхьнера Iедална тIе. Соьлжахошна карор ву иза. Мацца карийна а. ТIаккха цуьнан хьакъ дIа а лур ду цара.
Далла дуьхьал а ма хетийла иза, вежаршна IодаевгIарна таIзар а дина, кхиберш таIзарза бита инарлин сацам хезча, сапаргIат делира соьлжахойн. Цара Зеламха тIеэцар Iедална хууш ма ду. Муха ца хаьа, салташна а гуш, церан xIycaмepa apa а ваьлла, иза вахана хилча. Цундела и ши цIа кIелхьардаккха ницкъ бац цаьргахь. Ши цIа а дагийна, ши доьзал махках а баьккхина, итт доьзал кIелхьарбалар а Делан къинхетам бу. IодагIеран доьзалш, Сибрех бахийтахь а, шайна тоьхна хан а йаьккхина, Делан къинхетамца цIа боьрзур бу. Йуьртахоша гIo дийр ду царна цIенош а, гIишлош а, даьхни а меттахIитто. TIe, шаьш таIзарх кIелхьарбевр боцийла хуучу вежарша шайн кертара даьхни а, хIусамашкара мелла а мехала сал-пал а селхана буса кIелхьарйаьхна.
Инарла дIавахара шен замошца, омра кхочушдар Морганияна тIe а диллина.
Цхьа сахьт даьлча, хIаваъ къардеш, татанаш девлира IодагIеран шина кертахь. Цкъа пироксилинца лелхийтира церан цIенош а, керташкара гIишлош а. ТIаккха, ирахь йисинарш, тIе мехкадаьтта а детташ, йагош, чим бира…
XXIII корта. Гонна йуккъехь
Цу серийн тускарахь
Накхармоза ва санна,
Дууш мерза дара хьо,
Малх кхета ва дуьне.
Кийрахь стим баьттIа
ДоIаха ва санна,
Хьо къахьлург хилла-кха,
Кийрара дог доьхча…
Халкъан илли
1
Зеламхин гIуллакхаш, ва Дела аьлла, ца нислора xIoкху тIаьхьарчу кхаа шарахь. Бенойн дукъахь ГушмацIа а, Солтамурд а вийчахьана дуьйна схьа.
ХIетталц кхиамца чекхдовлура цо дагалаьцна дерриг а гIуллакхаш. Хьоле некъахой а талош, йийсаре а балош, цаьргара йасакх а йоккхуш. Банкаш а, кассаш а талош. Шен, халкъан а мостагIий – Добровольский, Митник, Чернов, Галаев… – бойуш а. Оцу кхаа шарахь кхиам хилла цуьнан кхаа гIуллакх тIехь. Андронников, Долидзе вуьйш а, Донагуловх бекхам оьцуш а, Соьлжа-ГIалин станцера касса талош а. Амма Долидзе а, цуьнан команда а хIаллакйеш, боккха бохам хилла цунна. ТIаьххьара ваша Бийсолта а вийна. Мел тIаьхьаталларх, Михеевн нуц йийсаре а ца лацавелла. Иза ша а, накъостий а Делан къинхетамца Iожаллех кIелхьарбевлла. Амма хIетахь а, хьалха Чермойн ломахь а кхочуш ца хилла цуьнан коьрта Iалашо. Шарль Акс йийсаре лацар а, ярмарка талор а.
Иза хилла ца Iapa Зеламхин догдохийнарг. И ши гIуллакх бахьана долуш дуккха а нахана зуламаш ма дина Iедало. Долидзен команда а, инженераш а, некъан белхалой а цо байъича, Зеламхин гергара бIе везткъе итт стаг, лаьцна, Сибрех вахийтина. Оцу нахана Iедало дина зенаш меттахIитто ницкъ ца кхаьчна цуьнан. Ткъа Соьлжехь цуьнан кхиамза дисина гIуллакх бахьана долуш, даим а цуьнан тешаме хьеший хилла IодагIеран Юсуп, Юнус Сибрех вахийтина. Церан цIенош дагийна. ДIабаханчу баттахь ворхI эвлайаъ, лаьцна, Россе дIавигна. Шайн доьзалшца цхьаьна. Уьш а xIapa Зеламха бахьана долуш лецна ша, боху Iедало.
Уьш хIокху цхьана шарахь лецнарш, набахтешкахь бахкораш, Сибрех каторге бахийтинарш бу. Ткъа Зеламха обарг ваьлчахьана дуьйна цхьайтта шарахь, иза бехке а веш, иза бахьана а лоьцуш, Iедало бохамаш бинарш мел дукха бу! Церан къа хьаьрчина-те цунах? Зударийн, берийн, къеначеран?
Цхьа чIогIа бехк баьлларг, халкъана зуламе ваьлларг бен стаг ма ца вийна цо. Уьш а дукхахберш паччахьан эпсарш, хьаькамаш бу. Бакъду, Зезаг бахьана долуш, ЭльсангIарах ши стаг вийна цо. Цара а вийна ЗеламхагIарах шиъ. Ца хууш кхетта, Зеламхин карах СаркагIеран кIант а велла. Iедалан айкхаш а, йамарт нах а байъина. Зеламхас ша а, цуьнан накъосташа а. Бехк-гуьнахь доцу стаг ца вийна цо цхьа а.
Цуьнан да а, ваша а вийнера Iедална вохкавеллачу бенойн Буццус. Цушиннан чIир йоькхуш, Буццусан ваша Межед вийра Зеламхас. Кхин цхьаъ вен везаш а ву. ГушмацIас, Зеламхас, Солтамурда цхьа а тайпа новкъарло ма ца йинера БуццусагIарна-м хьовха, атталла, бенойн тайпанна а. БуццусагIар Iедална бохкабеллера. Ахчанах. Дуьненан хьолах. Цундела бутт хьалха нохчийн йарташкара итт эзар туьма доккхуш, Буццусан цIийнан нахера кепек а ца даьккхинера Iедало. Уьш шен йалхой, лайш хиларна. И тайпа йамартхой байа ма беза. Лаха а лохуш. Церан xIy дайа. КIур байа. Шайн гергарчара а,
- Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров - Историческая проза
- Игра судьбы - Николай Алексеев - Историческая проза
- Ярослав Мудрый и Владимир Мономах. «Золотой век» Древней Руси (сборник) - Наталья Павлищева - Историческая проза
- Русские хроники 10 века - Александр Коломийцев - Историческая проза
- Злая Москва. От Юрия Долгорукого до Батыева нашествия (сборник) - Наталья Павлищева - Историческая проза
- Фрида - Аннабель Эббс - Историческая проза / Русская классическая проза
- Святослав Великий и Владимир Красно Солнышко. Языческие боги против Крещения - Виктор Поротников - Историческая проза
- Третья Ступень - Александр Волк - Историческая проза
- Бородино - Сергей Тепляков - Историческая проза
- Императрица Фике - Всеволод Иванов - Историческая проза