Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Аюбан бIаьргаш чу бода хIоьттира, латта сетташ, хьийзаш санна, хетаделира. Дуьхьал хIуьттура шех хьерчаш зуда а, кхеравелла пурхе иккхина да а, хезира ненан Iадийна мохь а, Абубакар а…
Шаьш тоьхначух ца Iаьбначу шина гIалагIазкхичо цхьаммо коьртах, вукхо дагах тоьпаш туьйхира.
ТIаьххьара дегI озийна, дIатийра Аюб. Майра, самукъане, забаре, догцIена, куьце Аюб.
ТIаккха Аюбан герз схьа а эцна, толаме маьхьарий хьоькхуш, накъосташна тIевахара ши гIалагIазкхи…
Полковника Морганияс боккха толам баьккхира. БIe шовзткъе итт гIалагIазкхичуьнца гo бина, цхьа обарг а вийна. Оцу дийннахь Михеевга рапорт йаздира цо:
«Зеламхин уггар гергарчарех, майрачарех, тешамечарех цхьаъ хилла Тамаев Аюб 1 мартехь, Iуьйранна сатосучу хенахь, шен хIусамера вада гIоьртича, вийна хиларх хаам бо Хьоьга. Оцу луьрачу тасадаларехь цхьа а гIалагIазкхи ца вийна, цхьанна а чов а ца хилла. Тамаев Аюбехь № 14148 йолу трехлинейни топ карийна. Цуьнца хиллачу тIамехь шегара майралла а, даккхий хьуьнарш а гайтира ГIизлара-Гребенски полкан йолхалгIачу сотнис. Сан дехар ду Хьоьга Тамаев Аюбан топ оцу полкан музейна совгIатна дIайала суна бакъо йалар».
4
Шен дахаран хIокху тIаьххьарчу цхьайтта шарахь дуккха а бохамаш, баланаш лайнера Зеламхас. Халонаш-м хьехор а йацара. Халонаш лан кхоьллина боьрша стаг. Цхьанна тIаьххье кхин дIаволуш, деа-пхеа шарахь беллий, байъиний дIабевлира цуьнан уггаре а гергара нах. Ден да. Да а, ваша а. Ден вежарий а, шичой а. ХIинца висинарг пхийтта шо кхаьчна Бийсолта а, цхьа шича Iеламха а ву…
Иштта чIогIа ца Iеткъахь а, дагна Iеткъара накъостех къаьстича а. Царах ткъа чIирхоша вийна. Зеламхас а, цара а цхьаьний ловра обаргаллин халонаш.
Амма уггар чIогIа цунна Iаьткъинарг Саламбеках, Аюбах къастар дара. Майра, оьзда, доьналле накъостий бара уьш. Накъостий, доттагIий алар кIезиг ду. Уьш тешаме вежарий бара цуьнан. Уггар кхерамечу операцешка оцу шинца воьдура Зеламха. И шиъ шеца волуш кхерам ца гора цунна, паргIат охьавуьжура, наб кхетара. Оцу шиннах цхьа а къайле йацара цуьнан. ХIинца и шиъ вац. Зеламха куьйгаш, бIаьргаш доцуш висина. Ши тIам боцуш висина.
Накъостех а хаьдда. Доьзал а Сибрехь бу. Цкъа-шозза кехат деана, цул тIаьхьа шо кхочуш доллу цаьргара хабар доцуш. Царах хIун хилла а, ца хаьа. Дийна бу йа белла.
Областан начальникана кхерамаш тийсира цо, набахтера шен доьзал марша ца баккхахь, иза а, цуьнан йоI а, нуц а йийсаре дуьгур ду бохуш. Амма цо зударий а, бераш а пхеа шарна Сибрех бахийтина. Зеламхина ца йицъелла ша йина чIагIо. Цо кхочушйийр йу иза.
Жамаьлда цIе йолуш, ши обарг вара Зеламхица. АнагIepaн Жамаьлда а, накъосташа Пешхо олу Жамаьлда а. Цхьана хенахь Зеламхица обарг леллера и тIаьххьарниг. ТIаккха, обаргалла а дитина, машаречу дахарна тIевирзира. Ткъа xIокxy тIаьхьарчу шарахь обаргашца уьйр латтош, Зеламхица хьалхалера йукъаметтигаш карлайаха гIертара иза. Ши де хьалха Зеламха волчу веара Пешхо.
– Хьан чIагIо кхочушйан аьтто карийна суна, – элира цо векхавелла.
– ХIун чIагIо? – цецвелира Зеламха.
– Михеевн нуц йийсаре вало ахь йина чIагIо.
– Муха?
– Петарбухера йеана инженерийн комисси йара ДегIастанахь некъаш дохуш а, тодеш а бина белхаш толлуш. Цигара шайн болх чекхбаьккхина, Iаьндахула Соьлжа-ГIала йoгIyш йу иза. Цуьнца ву Михеевн нуц. Цул совнаха, белхалошна алапина арадаьккхина дуккха а ахча ду, боху, цуьнгахь.
– Маца йогIу иза кхуза?
– ХIокху беттан пхуьйтталгIачу дийнахь. Пхи де даьлча.
– Хьуна мичара хиъна иза?
– СаIидера.
– Иза мила ву?
– Веданара СаIид ца вевза хьуна? Некъийн мастер?
– Муха ца вевза? Кибиров боху кхахьпа шен кертахь кхобург.
– ХIаъа. Кибировс СаIиде дийцина, ткъа СаIида – соьга. Шен нуц ахь йийсаре лацахь, Михеевс хьан доьзал Сибрехара цIа балор бу. Цул совнаха, алссам хIонц кара а йогIур йу хьуна.
Пешхо дIавахча, ГацагIеран Бетарсолта а, АнагIеран Жамаьлда а веара Зеламха волчу. Зеламхас дийцира цаьршинга Пешхоца шен хилла къамел.
– Цо лелочух шек ву со, – элира Зеламхас, къамел дерзош. – Цкъа вайца накъост хилла лелла иза. ТIаккха дIакъаьстина. ХIинца йукъагIерта. Цо деана хабар схьадаьлла меттиг а йу шеквоккхуш. Ша къамел деш бIаьргаш хуьлу цуьнан, хи санна, лелаш. Дуьхьал ца хьовсуш. Цуьнгахула вайна тешнабехк бан гIерта-те Кибиров?
– Иза талла хIумма а хала дац, Зеламха. Кхана сарале къастор ду. Нагахь санна Пешхос дийцинарг бакъделахь, кIело а йина, Михеевн нуц лоцур ву вай.
– Ша вайца ваийта бохуш, дехар а дина соьга Пешхос.
– Мелхо а, дика ду. Ваийта веза. Нагахь санна цо лелориг йамартло йелахь, цунна шен хьакъ дIалур ду вай.
Пешхох йолу Зеламхин шеко чIагIйира шолгIачу дийнахь суьйранна веаначу Бетарсолтас.
– Пешхос дийцинарг бакъ ду. ХIокху беттан пхуьйтталгIачу дийнахь Iаьндара охьайогIу и комисси. Амма Пешхос лелориг тамашийна хIума ду. ХIинцале цо эладита даржийна, оцу комиссина кIело а йина, цуьнгара ахча даккха а, Михеевн нуц йийсаре лаца а кечлуш ву Зеламха бохуш. Иза гуш лаьтташ йамартло йу.
– Цунна тIера бIаьрг дIа ма баккхалаш. Нагахь санна иза шен лаамехь вайца дIа ца вагIахь а, нуьцкъах вуьгур ву вай. Ахь ма-аллара, Бетарсолта, цуьнгара йамартло гучуйалахь, цигахь шен хьакъ дIалур вай. Вайна кечам бан дисинарг диъ де бен дац. Хьанна хаьа, пхуьйтталгIачу дийнахь Iаьндара охьабевр бу аьлла, эладита а даржийна, и комисси цхьа-ши де хьалха новкъа йалахь? Ботлихана а, Веданна а йуккъерчу некъа тIехь тергам латто беза.
ГацагIеран Бетарсолта Веданара вара. Зеламхина а, цунна а, шайн куьйгийн пIелгаш санна, дика девзара ЧIебарлара а, Iаьндара а лаьмнаш. Массо чIаж, Iин, тарх, дитт, колл.
5
Полковника Морганияс оцу деношкахь жигарабаьккхира шен агентурин болх. Шега догIучу декъана цунна гIo дора Ведана-округан начальникан декхарш ханна кхочушдечу Кибировс а. Церан агенташа хьалххе уьйр теснера лаьмнашкахь жаш кхобучу нахаца. Кечйинера Дагестански полкан Iаьндахь лаьтта ротмистр Котиев коьртехь волу шолгIа сотни а. Нагахь санна оьшуш меттиг нислахь а аьлла, резерве хIоттийнера оццу полкан Гасаниловн сотни а. Кибировн куьйгалли кIел Ведана йалийнера цунна йевзаш йолу ГIизлара-Гребенски полкан йолхалгIа сотни а. Царал совнаха, Гумбетан участках пурстопа, коллежский регистратора Саадуевс вовшахтоьхнера лаамхойн отряд а.
Амма Морганиянчул тIех жигара болх бора Зеламхин агентуро. Изза жаIуй а, нохчийн, суьйлийн йарташкахь дуккха а нах бара цунна тешаме болх беш. Iедало дIа мел баьккхинчу когах Зеламхина тIе хаамаш кхачабора цара.
Зеламхица шен хилла къамел сихха Кибировна тIе дIакхачийра Пешхос. Зеламхас комиссина кIело йийриг хиларан цхьа а тайпа шеко цахилар а хаийтира. Амма цуьнца
- Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров - Историческая проза
- Игра судьбы - Николай Алексеев - Историческая проза
- Ярослав Мудрый и Владимир Мономах. «Золотой век» Древней Руси (сборник) - Наталья Павлищева - Историческая проза
- Русские хроники 10 века - Александр Коломийцев - Историческая проза
- Злая Москва. От Юрия Долгорукого до Батыева нашествия (сборник) - Наталья Павлищева - Историческая проза
- Фрида - Аннабель Эббс - Историческая проза / Русская классическая проза
- Святослав Великий и Владимир Красно Солнышко. Языческие боги против Крещения - Виктор Поротников - Историческая проза
- Третья Ступень - Александр Волк - Историческая проза
- Бородино - Сергей Тепляков - Историческая проза
- Императрица Фике - Всеволод Иванов - Историческая проза