Рейтинговые книги
Читем онлайн Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 5 6 7 8 9 10 11 12 13 ... 38
Николай Кузьмича. – ХІаъа, хеназа кхелхи Маил. ХІун дийр ду ткъа, иштта дуьне ду-кх хІара. Велларг дІавуллу, висинарг веха. Кху заманахь цхьа а вац дуьненах сакъералуш. ХІор а доьзале бала беана тІамо. ХІетахь шаьш хиллачу цІеношкахь йуй хьо?

– ХІан-хІа, сайн марваша волчохь Іаш йу со

– И цхьа пхьарс сакхат берг вуй иза? Иза-м ца хилла фронтехь?

– Ца хилла, дера-кх. Мацах цкъа нохчийн ловзаргахь девнаш даьлча, цхьамма шаьлта тоьхна сакхат бина цуьнан иза.

– Дов хьаштдоцу хІума йу. ТІехула тІе, шаьлта хІунда туху?

Буй-тІара йина, дерзо а ца мегара?

Шена оьрсийн мотт кІезиг хааре терра, къамелна кІорге ца гІерташ, Николай Кузьмичан хаттаршна доцций жоьпаш а луш Зану а, йист ца хуьлуш Хелипат а хиъна Іара. Ткъа Николай Кузьмича, хІуъу дина а, кхушиннан самукъадаккха гІерташ, ца соцуш хабар дуьйцура.

Уьш иштта Іашшехь, Мария Петровнас, стоьла тІе йуург a xІоттийна, ши зуда шуна тІекхайкхира. Цаьршинна гора тІера йуькъа Іаь гІуьтту чорпанах дуьзна ши бошхап, мекхан бепиган кІеда цастарш. Чорпи чуьра ах гучу а йевлла гун масех картол думин цуьргех тарлора; цергех хи доладелира, хи чу йоьхкина копасташ чохь кад гича. Амма ши зуда, шуьна тІе ца хуьлуш, йехха Іийра. Эххар а, вовшашка а хьаьжна, хьала а гІеттина, шаьшшиннан гІанташ эцна, йахана охьахиъначу цаьршимма, Іайгаш кара а лаьцна, тІехулара схьаэцначу чорпанах меллаша цхьацца къурд бира. Гор йаІ, ма мерза, чомехь йара-кх и ши-кхо картолг йукъа а тесна керлачу копастех йина чорпа оцу мекхан бепигца йууш! Моьттура, иштта мерза кхача дуьнен тІе йаьлчахьана цкъа а ца биъна. Йалтех рицкъа кийра дахаза мел хан йаьллехь а, и шиъ сих ца лора йуучунна тІехь. Сихха кхачорна кхоьруш, цуьрг дожа ца дуьтуш, кІез-кІезиг доккхуш, марзо оьцуш, дехха бепиг Іуьйшуш, тата доцуш чорпех къурдаш деш, шуьна тІехь ма-хуьллу хан йахйан гІертара и шиъ.

– Йузайелахь и шиъ, вайна бухахь цуьрг ца дитий а, – бохура Николай Кузьмича шен зудче. – Мисканаш йаІ, ломара дечиг кхехьа ницкъ бу ткъа шуьшингахь? ХІара цІемза де, гена меттиг…

Мария Петровнас, йай карахь тІе а йахана, йуха а бошхепаш дуьзира. Николай Кузьмична гира Занун накъосто шена хьалха Іуьллу баьпкан ши цастар хьа а ца деш, йеккъа борщ муьйлуш.

– Бепиг кхоллуш йаа, – куьйгаишарца йоккха стаг кхето гІоьртира иза.

Бехкала йахана йиэла а къежна, Зануга масех дош элира йоккхачу стага.

– Хелипатан цІахь кхо бер ду. Церан кийра йалтин рицкъа дахаза масех де даьлла. Аш пурба лахь, и бепиг кхузахь а ца дууш, шеца цІа хьур ду цо, – шаьшшиннан къамел, халла оьрсийн дешнаш а карийна, гочдира Занус.

Николай Кузьмичан хьаьрсачу, дуькъачу цIоцкъамашна тІехуларчу шуьйрачу хьаьжа тІе шад гулбелира; дегийра бІаьрнегІарш. Цуьнан шен бертаза хи доьссира бІаьргаш чу. Хьала а гІеттина, дехьа чу а ваьлла, Мария Петровна шена тІаьхьакхайкхира цо.

– Машенька, сан хьомениг…, – бІaьpгex йовлакх а хьоькхуш, дегочу озаца вистхилира иза.

–ХІун хилла, Коля?

– Сан дехар ду хьоьга… вайгахь долу дерриге бепиг дІалохьа оцу йоккхачу стагана. Ойла йехьа, хьо санна зударий бу уьш, вайшиннан Вова санна, шайн бераш деза царна а. Мел хала ду царна…

Николай Кузьмичан дешнаша дог дохийна Мария Петровна корах арахьаьжира, арахь гуш адам дацара. Кхоьлина, дошан баса йирзина стигал, йукъ-йукъа лайн чимаш а ийна, серсаш шийла дерз, гуобаьккхина хІоьттина сингаттаме тийналла.

– Хьанна хаьа, Сталин гІалатваьлла хила а тарло, – элира цо меллаша.

– Иза а ма ду адам. Ткъа гІалат ца долуш стаг хила йиш йац.

–ГІалат! ГІалат хуьлу иштта?! Итт эзарнаш коммунисташ, партин, пачхьалкхан деятельш хІаллакбина! Гойтуш бехк а боцуш, йинарг кхиэл а йоцуш! Иза а гІалат хилийтахьа. Цхьанна, иттанна, бІенна, эзар стагана тІехь кхиэл йеш а, валийтахьа гІалат. Ткъа – масех халкъана тІехь кхиэл йеш, уьш махках дохуш? Иза дуьххьалдІа къиза, зуламе акт ду.

– Коля! – мохь белира Мария Петровнин. – Доьху хьоьга, хьайн ойланаш хьайн коьртехь совцор! Со а ма кхета дерригенаха. Вайшиннал лакхахь болчеран а ницкъ ца кхаьчна и харцо сацо. Ахь ма-аллара, эзарнаш адамаш хІаллакдина, халкъан мостагІий бу бохуш, цІераш а техкина. Хьанна хаьа, иштта, хьо санна, кху харцонашна резабоцуш, бакъонна тІегІертарна хІаллакбина хила тарло уьш а. Ткъа могІара ши коммунист, йуьртарчу школан хьехархо а бен доцчу вайшинга хІотталур йац дуьненахь нийсо. Амма вайшиннан ойланаш цхьанна хаахь, вайша тІепаза-м дойъур ду.

Зудчо дуьйцучуьнга ла а доьгІуш, готтачу цІа чохь дІасахьийза Николай Кузьмич, цІеххьана сaцa а сецна, цунна тІевирзира.

– ХІан-хІа, Маша, вайша тІепаза дайъалур цаьрга, – тІаьххьара дош кхечарах къастош элира цо. – Вайша саннарш миллионаш бу! Цхьа де догІур ду, вайн урамехь а дезде хуьлуш. Хено гойтур ду, хиллехь – гІалаташ а, йинехь – йамартло а. Ленинан идейш йехар йу, дуьнен чохь адам мел деха. Ткъа хІинца, дехьа чу а гІой, оцу шина зудчун догъэца.

V

Гуобаьккхина лаьмнаш долуш, тогІехь, шина республикин дозанаш къаьстачохь, нийсачу экъанна тІехь нийсачу урамашка йоькъуш йиллина йурт йу. Дукха хан йац иза йиллина. Урамашца дийгІина гІаргІанаш хІинца а шайн къоначу хенал тІех ца девлла. Иштта къона ду бошмашкара стоьмийн дитташ а. Кхо-диъ шо хан йелахь, кхин хан йац цара стом ло. Хаза кхиа йоьлла бошмаш, толуш лаьтта урамаш, цІенош.

Иза хІокху ламанан районан центр йу. Кхузахь бехаш нохчий бац, амма дийнахь ган тарло гондІарчу йарташкара меллаша гІаш, нисйелча –ворданахь кхуза схьаоьху нохчийн зударий, божарий, бераш.

ХІокху йуьрта хІинца шозлагІа веана Муса. Амма, цуьнга къа а ца хьоьгуьйтуш, цунна атта карийра кхузахь больница. Иза хетта кІорггера мотт ца оьшура. Больницин цІе йаьккхичхьана, муьлхха а кхетара оьшучух. ХІинца иза лаьттара тІулган лекха бух буьллуш, йехха йиначу кІайчу гІишлон дуккха а корех шинна роггІана тІехІуьттуш. ЦІийнан тхевнна тІетоьхначу эчигна, дайн татанаш деш, тІедеттара догІа. Тхевнан маьІигашкахь охьаІенара чахчарешна чохь ІаьІна догІанан хи. ТІадийна шелвелла Муса, хорша йеача санна, вегавора, амма цунна шело ца хаалора.

Дехьо корехь хІоьттина лаьтта кхин а цхьа нохчо, коран ангалина тle а теІаш, чІогІа мохь бетташ, чохь волчу цомгашчуьнца къамелдан гІерташ воллу. Мусана вевза иза. Покровскера Іалха ву иза. ТІом болабалале хьалха школехь хьехархо хилла Іалха. Фронтера нохчий цІа бохкуьйтуш, иза Покровске веача, цунна дуьххьара тІекхаьчнарг Муса ву. ХІетахь Іалхина тІехь эпсаран духар дара, некха тІехь цхьа орден, шиъ мидал а йолуш. ХІинца цунна тІехь эпсаран чоа ду, тІехула шуьйра доьхка а дихкина. Коьртахь лергаш долу куй, когахь – хохолаш2. Амма чоин белшаш тІехь погонаш а, куйна тІехь седа а бац. Цул воккха цхьа ваша Сталинградна уллохь вийна. ХІинца уьш кхоъ ваша ву. Массо а зоьртала, могаш, догдика. Покровскехь болх ца

1 ... 5 6 7 8 9 10 11 12 13 ... 38
На этой странице вы можете бесплатно читать книгу Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров бесплатно.
Похожие на Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров книги

Оставить комментарий