Шрифт:
Интервал:
Закладка:
– ОстогIфируллах! Дала собар а, собарца хьуьнар а лойла хьуна, Мусха! – мохь белира Iелин. – Дала кхоьллинчу адамана лан ма боккха бохам бу-кх хьоьга беанарг!
Ткъа Мусхин йакъайеллачу йуьхьа тIера, дуткъачу цIoцкъамашна кIелхьара гIайгIане ши бIаьрг, чохь са доцуш санна, дехьа басе а богIабелла, сецира. Хьанна хаьа, хIокху акхачу хьуьнхахь, холбатахь санна, ша хан токхуш волуш, цкъацкъа собар а кхачадой, Дела воцчунна ца хезаш, воьлхуш хила а тарлора иза. Амма Iелина хьалха бIаьрхиш ца довлуьйтура цо. Кийрара арагIерта къаьхьа бала, къурдаш деш, йуханехьа чутеIабора Мусхас.
– Цигахь ша висча кхеравелла хиллера а, хаацара, йа суна сагатделлера а, хаацара, мухха делахь а, со йухаван хьевелча, суна тIаьхьагIоьртина хиллера и миска. И буьйса набарза кIантана уллохь а йаьккхина, шолгIачу Iуьйранна, кIентан дакъа говра тIехь сайна хьалха а лаьцна, даьхни а лаьхкина, герггарчу йуьрта вахара со. КIант цигахь дIавоьллира ас. Оцу йуьртахь сайн даьхни сагIина дIa а декъна, цхьалха дегIаца кхуза хьалавеана, xIapa тоьла а йаьккхина, охьахиъна со. Гой хьуна, Iела, оццул дуьненна тIаьхьаваьлла къахьегча, суна бисина бахам xIapa бу-кх. ХIетахь, даьхни хьалха а лаьхкина, Терка тIе вогIуш, суна моьттура, кхидIа айса дуьненахь йаккха йисинчу хенахь, нехан санна йаа сискал а йолуш, сайн шина кIантах а, церан берех а воккхавеш, со вехар ву. ХIинца со гуш ву-кх хьуна. Дегара охьа оха цIийца, хьацарца гулдинарг а, церан дуьхьа ас къахьегна сан доьзалш а масех минотехь Терко дIахуьйди. Сибреха ткъе берхIитта шо а даьккхина, цIа веача, зуда маре йаханчу а кхаьчна, хьо цунах сингаттам хилла лелаш ву бохуш, хезна суна. Ахь ойла йича, хьо санна даккхий вонаш тIедаьхкина, собаре хилла Iаш дукха нах карор бу хьуна. ТIаккха хуур ду хьуна, хьайна тIедеанарг хIумма а доцург дуйла. ХIан, сайн дагна маслаIат лоьхуш, ас дукха бага йитти, хIинца дIагIо.
Баккъал а, Мусхина хиллачу бохамашка хьаьжча, Iелина хилларг хIyммa а доцург дара. Iелас-м шениг, чолхе а ца доккхуш, къонахчо санна, дIадерзийнера. Амма мел цо дуьхьало йарах, цкъацкъа шайтIано дог карзахдоккхура цуьнан. Зуда маре йахар доккха эхь ма ду. Цул-м Iелина валар гIоле ма йара…
***
ЗОРБАНЕРА МОГIаНАШ
Паччахьан заманахь Къилбаседа Кавказехь Iаламат чолхе политически хьал дара. Кхузахь, цхьана aгIop, шайн долахь шортта латта а долуш, Iедало йерриг бакъонаш а йелла, шайх «помещик-халкъ» ала мегар долуш, гIалагIазкхий бара. Вукху aгIop, латта а, цхьа а тайпа бакъонаш а йоцуш, ламанхой бара.
Г. К. Орджоникидзе
Кавказехь туземни бахархойн экономически хьелаш галдаха дуккха а болх бина вай, амма царна йукъахь дешар а, Iилма а даржорехь цхьа гIулч а ца йаьккхина.
Я. Абрамов
Нохчийчоь къарйинчул тIаьхьа и акха нохчий дешарна а, Iилманна а, культурина а тIеберзо цхьа а тайпа xIyмa ца дина оьрсаша.
Реакционер-шовинист,
профессор П. И. Ковалевский
КАХАНОВСКИ СТАНИЦЕРЧУ
ГIАЛАГIАЗКХИЙН АЬРЗНАШ ТIеРА
1905 шо
1 апрель. Буьйсанна шен кха тIехь волу гIалагIазкхи Максимов Иван вийна. Зуламхойн лар Гуьмсан махка тIе йахана.
19 октябрь. Стерчийн ворданахь кха тIера цIа вогIу 85 шо хенара гIалагIазкхи Стрельцов Иван а, цуьнан йоьIан кIант Руднев Захар а вийна нохчаша. Цаьршиннан декъий, дага а дина, Iаьржа-хи чохь карийна, Цоци-Эвлан махка тIехь.
1 ноябрь. Говрашкахь веанчу итт нохчочо, Саенко Иванан жаIушна тIе а летта, 300 уьстагI бигна. Зуламхойн лар Iаьмар-Хьаьжин-Юьртан махка тIехь сецца.
18 декабрь. Ворданашкахь Соьлжа-ГIалара цIа вогIучу итт гIалагIазкхичунна тIелеттачу нохчийн гIерано Выпрецкий Егор, Демченко Фрол, жуьгти Дубиллер И. а вуьйш, уьш талийна. Лар Цоци-Эвла йахна.
18 декабрь. БоргIанехула Щедрински станице цIа вoгIy Стрельцов Михаил вийна. Зуламхочун лар БоргIанен махка тIехь сецца.
1906 шо
28 февраль. ГIалагIазкхичун Бондарев Иванан божалин пен а бохош, ши сту бигна. Лар Мескар-Эвлан махка тIе йахана.
17 апрель. Пайтонахь Шелковскехула Кахановске цIа вoгIy гIалагIазкхийн дворянин Гуминский Игнатий а вийна, цуьнан пайтон а, говраш а йигна нохчаша.
1 июнь. Ахархочуьнгара Кишка Иванера говр йаьккхина пхеа нохчочо.
22 сентябрь. Кахановскера Гуьмсе станце йохьуш йолу почта а талош, Негоднов Кузьма вийна, Петрусенко Тихонна чов йина нохчаша. Лар Гуьмсе йахана.
6 октябрь. ГIалагIазкхичунна Негоднов Трофимана чов йина нохчочо.
15 октябрь. ГIалагIазкхичунна Максимов Самуилана чов йина нохчаша. Лар Цоци-Эвлахьа, Мескар-Эвлахьа йахана.
IХ корта. ЖИМА ТОЛАМ
Тхуна тIехь урхалла латтораш, цхьана а
тайпана халкъаца йукъара xIyмa а доцуш,
халкъан кхолламца а, цуьнан Iep-дахар ат-
тачу даккхарца а, амалш кIадйарца а бала
боцу эскарера дIакхийсина даххаш, тIеман
чиновникаш бу.
T. Эльдарханов
1
Овхьад цIа вирзина шолгIа шо дара.
Зеламхас кIелхьарваьккхина Соип лаьмнашкахь цхьана йукъарлашкарчу жимачу кIотарахь дIатарвеллера. ХIеттахь Деши а цига дIайахара. Цхьа шо далале Соипана зуда а йалийра цигахь. Цуьнан там-мах а, гучуйаккхар а дIa а листира Овхьада.
Ровзана а, несо а мосазза а зуда йалор хьахийра Овхьаде. Амма иза реза ца хуьлура. ХIусамнана-м йезара цунна. Иза жима ма вац. Шовзткъе итт шаре ваьлла. Даим а несана несалла лелийна а вер вац. Ткъа хIокху чолхечу заманахь, зуда а йалийна, доьзал боло а ца лаьара. ХIинца цо схьалаьцна некъ а, иза Сибрех вига там болуш, кхераме бара.
Ша цIa веанчул тIаьхьа йаьллачу йоццачу хенахь Нохчийчуьра чолхе хьал довза кхиънера Овхьад. Оцу тIехь хьалхара гIулч йаьккхира цо нохчийн кIеззигчу интеллигенцин демократин ойла йолчу векалшца – ШериповгIеран, МутушовгIеран, ЭльдархановгIеран, СаракаевгIеран доьзалшца а, гIараваьллачу Iеламчица Соип-Моллица а доттагIалла тасарца а, Соьлжа-ГIаларчу РСДРП тобан куьйгалхой бовзарца а.
Нохчийчоьнан социально-экономически а, политически а
- Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров - Историческая проза
- Игра судьбы - Николай Алексеев - Историческая проза
- Ярослав Мудрый и Владимир Мономах. «Золотой век» Древней Руси (сборник) - Наталья Павлищева - Историческая проза
- Русские хроники 10 века - Александр Коломийцев - Историческая проза
- Злая Москва. От Юрия Долгорукого до Батыева нашествия (сборник) - Наталья Павлищева - Историческая проза
- Фрида - Аннабель Эббс - Историческая проза / Русская классическая проза
- Святослав Великий и Владимир Красно Солнышко. Языческие боги против Крещения - Виктор Поротников - Историческая проза
- Третья Ступень - Александр Волк - Историческая проза
- Бородино - Сергей Тепляков - Историческая проза
- Императрица Фике - Всеволод Иванов - Историческая проза