Рейтинговые книги
Читем онлайн Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 146 147 148 149 150 151 152 153 154 ... 167
боьхна ца Iаш, цхьаболчара вовшашца тIом а болийнера.

3

Шийла йара Петарбухехь декабран буьйса. Дуькъа тIедуьллу ло чехкачу махо цкъа хIаваэхь ловзадохура, лаьтта кхаьчнарг лоьллуш тротуарашна а, диттийн баххашна а, цIеношна а уллохь саьнгарш хIиттош, дIагулдора. ТIедиллинчу лайх чекх гIийла серло лора урамашкарчу чиркхаша. Цхьацца гIуллакхашна цIера арабийлина нах, пальтонийн, кетарийн кочмаш хьала а хIиттийна, куйнаш ма-хуьллу кортош тIе а таIийна, дорцаца къуьйсуш, цIехьа сихбеллера. Шайна дуьхьал нисбеллачу нахе, некъ бита бохуш, маьхьарий хьоькхура извозчикаша. Саьнгарш йохуш, меллаша хьалха дIагIертара автомобилаш.

ГIали йуккъехь, Нева йистехь, хазачу архитектурехь йинчу жимачу особнякан библиотекин цIа чохь даарех, маларех йоьттинчу стоьла хьалха, лекха гIовланаш йолчу кIедачу креслош чу а воттавелла, дуьхь-дуьхьал хиъна Iapa ханна воккхо ши стаг.

Лоха, стоммачу дегIара, кIесаркIаг болчохь тIехьа бен месаш йоцуш боккха корта а, дуькъа кIайн цIоцкъамаш а, шуьйра мераIуьргаш йолуш, стомма мара а, йеха кIайн маж а йерг хIокху особнякан да, профессор Петр Иванович Ковалевский вара.

ШолгIаниг векъана, йуккъерчу дегIара, хIетта сирбала боьлла Iаьржа корта а, лергашна лаха кхочуш месала гиччош а, цIeнa даьшна маж-мекх а, аьрзунан зIакарх тера хьаьвзина беха, буткъа мара а берг профессоран доттагI, правительствон къайлахчу кхоалгIачу отделан начальник Алексей Павлович Липранди вара.

Цаьршиннан доттагIалла кхолладелира, и шиъ Петарбухан университетан юридически факультетан хьалхарчу курсан студент волуш. Университет чекхйаьккхича, Кавказехь гIуллакхдан хьажийра и шиъ. Наместникан администрацехь итт шарахь гIуллакх динчул тIаьхьа цхьаьний Петарбухе йухавирзира. Липранди правительствон къайлахчу кхоалгIачу отделе чиновник вахара, ткъа Ковалевский – университетан юрфакан хьехархо. ХIинца Липранди оцу отделан начальник ву, Ковалевский – университетан профессор.

Цаьршинна дика йевза Кавказ. Цигахь болх беш а, тIаьхьа мосазза а цига воьдуш, талламаш беш а йевзина. ХIокху шарахь шиннан а Iилманан-талламан белхаш арабевлла зорбанехь. Липрандин – «Кавказ а, Росси а», Ковалевскийн – «1877–1878-чуй шерашкахь Нохчийчохь а, ДегIастанахь а хилла гIаттам». Ковалевскийна Кавказан шира истори йевзара дика, ткъа правительствон къайлахчу отделан коьртехь волчу Липрандина тахана цигахь хIоьттина хьал дика девзара. Доцца аьлча, цаьршиннан къамел цхьаьнадогIура.

– Ши бIе шо кхаьчна, Закавказье вайн дола йаьлла, – бохура Липрандис. – Шовзткъе итт шо сов хан йу цигара ламанан халкъаш вай къардина а. Нийсса аьлча, оьрсийн цIийца Англин, Персин, Хонкаран мIарашна йукъара схьайаьккхина вай Кавказ. Безчу мехах эцна вай иза. Амма тахана а цигахь российски пачхьалкхан Iедал дац. Масала, Закавказье схьалоцур вай. Цигахь оьрсийн бахархой, банне а бац ала мегар долуш, кIезиг бу. Революци хиллалц бIе шовзткъе итт эзар оьрси вара цигахь туземни бахархошна йукъахь Iаш. ХIинца бIе ткъе итт эзар бен вац. Цхьаберш туземцаша байъина, кхиберш, царах шайн синош довдийна, Россе йухабирзина. Тамашийна хIума дай xIapa-м. Муьлххачу пачхьалкхе ваха а, шена лаахь, цхьана ханна йа гуттаренна а цигахь вехаш Iен а бакъо йу оьрсичун. Амма оьрсийн пачхьалкха чохь, оьрсийн пачхьалкхан Iедална кIел йолчу Закавказье оьрсашна некъ бихкина туземцаша. Цара, лечкъа а ца деш, даррехь схьадуьйцу шайна оьрсий цабезар. Къаьсттана эрмалоша. Хьалха Россехь бехачу а, шайн махкахь оьрсийн паччахьана гIуллакхдечу а эрмалоша шайн фамилеш, цIерш оьрсийчарах тарйинера. Масала, Микоянца – Меликов, Аванесяна – Аванесов, и. дI. кх. а. Фамилиийн чаккхенаш «янц» а, «ян» а, «ов», «ев» бохуш хийцинера. Ткъа хIинца хьалха шаьш оьрсийчарах тарйина и фамилеш а, цIерш а эрмалойх меттахIитто боьлла. Каталикоса Макарияс, Эрмалойчохь-м хьовха, Россехь бехачу эрмалошна а вовшашка оьрсийн мотт бийцар дихкина. Шайн эрмалойн къам шира къам ду, оьрсий цIоканийн духар а дуьйхина, хьаннашкахь акха баьхначу заманахь эрмалойн шайн пачхьалкх, йоза-дешар, истори, лаккхара культура хилла бохуш, дозалла до цара. ХIинца цхьа политически йукъаралла кхоллайелла цигахь, «Къона Эрмалойчоь» цIе йолуш. Россех дIа а къаьстина, цхьаннах йозуш йоцу эрмалойн пачхьалкх кхолла Iалашо йу оцу партин. Хонкарара бевдда баьхкина эрмалой а шайн махкахь дIатарбо. Нагахь санна и зуламе идея зIийдиг хьалайалале хIаллак ца йахь, эрмалойн ун даьржар ду имперехь. Кхана «Къона Гуьржийчоь», «Къона Чуваши», «Къона Мордва», «Къона Якути», «Къона Юкагири», кхин а, кхин а политически йукъараллаш кхоллалур йу. Царах ун дер ду кхечу къаьмнашна а. ТIаккха Россин импери, дакъош хилла, йухур йу. Меттигерчу къаьмнаша шайн мехкашкара оьрсий дIалохкур бу. Цуьнан ойла ца йо таханлерчу оьрсийн Iедало!

– Кавказехь вайн Iедал тIех кIеда дуй-те, моьтту суна, Алексей Павлович.

– ЧIогIа а, кIеда а – дан а дац. Цигарчу вайн Iедалан коьртехь волу наместник номинальни оьрси ву. Иза дуьххьалдIа кирхьа ду туземцашна. Цунна тIехьа а левчкъина, шайна луъург до цара. Закавказьехь массанхьа а Iедалера дIабохуш бу оьрсий. Масала, муьлш бу цигахь наместникан гIоьнчий? Петерсон, Мицкевич, Борман, Венденбаум, Баккел, Тизенгаузен, Бауэр, фон-Парнау, Фольбаум, Рудольф, Колберг, Штернберг, Кийкер, и. дI. кх. а. Цхьа а оьрси вац! Доцца аьлча, лахара Iедал революцин дIовш цIийх а, тIамарх а доьллачу туземцийн карахь ду, ткъа лакхара Iедал – немцойн, полякийн, православни жуьгтийн карахь ду.

Жимма коньяк эдеш, кофе тойира Петр Ивановича. Шен хьешо тIаьххьара аьллачу дешнаша дагахь велар эккхийтира цуьнан. ХIара шиъ шаьш а ма вац оьрси. Липранди грекех схьаваьлла, ткъа Ковалевский – полякех. Шиннан а дайша фамилеш ца хийцина, амма цIерш хийцина. ХIокху шиммо а лелайо оьрсийн цIерш. ХIетте а хIокхуьнан хьаша Кавказан урхаллехь болчу немцошний, полякашний, жуьгташний лоь.

– Эрмалойчоь кхераме йац вайна, – элира цо, хьешана хьалха кофе а тоттуш. – Эрмалой керстанаш бу. Туркойх кхоьруш, даим а Россина тIетийжар бу уьш. Кхерамениг Нохчийчоь йу. Дала кхуллуш майра, къармазе тIемалой кхоьллина нохчий бу кхераменаш. Россех дIа а къаьстина, эрмалой, гуьржий, азербайджанцаш санна, шайн пачхьалкх кхолла гIерташ бац нохчий. Иза царна цкъа а дага а ца деана. Цуьнан ойла йан кхетам а бац церан. Амма Кавказехь синтем, машар хила ца буьтурш нохчий бу. Алексей Петровича Ермоловс Iаламат нийса мах хадийнера церан. Нохчий лаьхьарчий ду, ткъа важа ламанан халкъаш чуьркаш йу аьлла. Шайн волла, дуьненан массо а маьIIера адамаш хIаллакдеш хуьлу нераун а, Iаьржаун а ца лета царах. Нохчийчоь разбойникийн бен бу. Нохчаша, мара а бетталуш, тIеоьцу, зулам а дина, шайн махка бевдда баьхкина кхечу къаьмнех нах а. Кавказехь тIом болуш, вaйн эскаршкара бевдда салтий а Нохчийчу боьлхура. Цигахь маршо гуш. Йа нийсса аьлча, анархи гуш. Шаьш дерриг элий ду, олу нохчаша. Уьш элий бац, анархисташ бу. Царна цхьа а Iедал ца деза. Царна шайна луъург дан маршо йеза. Разбойникийн маршо. Къоланаш дан, талораш дан, адамаш лечкъо, дайа, зударий идо, масех зуда йало, цхьана стеган масех зуда хила а, царах дIакъаста а. Карахь герз дерг, доккхачу тайпанах верг, хьал дерг лору цара. Йа нийсса аьлча, ишттачу стагах кхоьру. Ницкъах, къизаллех кхоьру. Шемала ткъа шарахь шен

1 ... 146 147 148 149 150 151 152 153 154 ... 167
На этой странице вы можете бесплатно читать книгу Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров бесплатно.

Оставить комментарий