Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Оцу цIарна а цIейаханчу обарган даг чу, хьекъалан кIорге хьажа лаар дара Iелига иза ган сатийсийтинарг. Iела, ларлуш, хеттарш дан вуьйлира хьеше. Ткъа хабаре воцчу Зеламхас йуьхьанца халла бен жоп ца лора хеттаршна. Амма хеттарш тIаьхьо шен деган чевнех хьекхадала доьлча, хецавелира иза.
– XIaн-xIa, луралла дац со а, сан накъостий а арабаьхнарг, – эххар а Iелин хьалхарчу хаттарна жоп делира цо. – Массарна а йолу къеллий, мацаллий, мискаллий хилла а ца Ia со обарг ваьккхинарг. Вайгарчу берриг бохамийн, баланийн, гIайгIанийн нана хIapa Делан неIалт хиларг – паччахьан Iедал – ду, Iела. Къеллина а сатуху. Мацалла а лало. Iожалла а, тахана ца хилахь, кхана хир йу. Халаниг, сацатохалург, собар кхачориг хIун ду аьлча, Iела, цхьаммо хьо сийсазвар, хьо, стаг-м хьовха, адам а цаларар ду. Веданахь гIап мел йу, оцу гIопа чохь эскар мел лаьтта, харцо дIайер йац Нохчмахкара. Ткъа мел йу и гIаьпнаш Нохчийчохь? Нохчийн дегIана дина даьIнаш ду уьш. Царал сов, вaйн мохк, халкъ дегайуккъехула доькъуш, йехкина гIалагIазкхийн йарташ. Хьо ца хилла Ведана-гIопехь, со а хир вацара, цхьа а нохчо а гIyp вацара цига шен лаамехь, амма эшамо вуьгу. Эшам даим а тоьлу къехочун ницкъал. Оцу гIопан баролал чоьхьа туьканаш йу оьрсийн а, вайнехан а совдегарийн. Башха а дац, хьеннан хилча а. Йерриг а цхьа хьакхарчий йу уьш. ТIейуха бедар йеза. Кертахь марс-мангал, бел-шада оьшу. Уьш, цаьргара ца эцча, кхин хуьлийла йац. Кхечухьа-м гIур вара, амма хьо дIакхаьчначохь бухахь изза хьакхарчий карайо-кх. Хьо хилла вац, Iела, Ведана- гIопехь. Дала тIе а ма доуьйтийла хьуна цига вахар. Зуда санна, йукъ а йаьстина, шаьлта салташка а йелла, церан цхьамзанашна кIелхула а ваьлла ваха веза цу чу. Цара боьлуш, Iоьхуш, хьо сийсазвеш йечу йаппаршка ла а доьгIуш. Хьанна хаьа, цара хIун дуьйцу, уьш стенах буьйлу? ДегIах хьуьйсу. Зударшна а… Вайца дерг дерриг а беламе хета царна, дерриг а сийсаздо цара – Дела а, дин а, амалш а, гIиллакхаш а, духар а. Ден да вара тхан бIе цхьа шо долуш. Къоьжа, букар а хьаьвзина. Тхан да а, со а Соьлжа-ГIаларчу набахтехь волуш, шен кхетам бацарна, тхо цIа хецахьара аьлла, дехар эцна шена тIевеача, Веданарчу полконака Добровольскийс, цуьнан сирйелла маж а лаьцна, иза дIаса а лестош, нанна хьежош, йаппарш йинера цунна. Муха хета хьуна иза? Ас марахдаьккхира цунна иза. Оцу гIопан баролал чоьхьа бехачарна шаьш элий, ткъа арахьарнаш лайш хета. Оьрси хилчахьана, цуьнан бакъо йу оцу чохь ваха, ткъа нохчочун – иза эпсар йа цхьа цIармат йелахь. Муьлш бу цу чохь бехарш? Кхахьпанаш! Эхь-бехк а, оьздангалла а йайна кхахьпанаш. Дийнахь-бусий хаддаза маларш муьйлуш, кехатех ловзуш, оьзда мел доцурш лелош! Вайнехан эпсарш бохий ахь, цаьрга терра лела гIерташ, царал а тIехбевлла, гуттар а цIармат лела. Изза ду Шуьйта- гIопехь а, кхечухьа а. Оцу гIаьпнаш чуьра араоьхучу боьхачу хьожано бехдина хIapa вaйн лаьмнаш.
Йуьхьанца оццул сапаргIатчу Зеламхин аз, тIаьхь-тIаьхьа айалуш, чIагIделира, ткъес деттара оьгIазлонах дуьзначу бIаьргаша.
– Иза йу Iедало вайна латто харцо, къизалла, вай сийсаздар. Иза ду, Iела, нах цунна тIеберза цабуьтург, со араваьккхинарг. Цо лерац вайн дайн гIиллакхаш. Вайн ваьшлахь луьсту долу гIуллакх шайга а оьций, дерзоран метта, довхошна йуккъе мостагIалла дожадо. Йуьртан коьрте муьлш хIиттабо Iедало? Нийсо йен йолу хьекъале, оьзда нах ца хIиттабо. Даккхийчу тайпанех, хьалдерг, харц-бакъ ца хьехош, шaьш дIакховдийнарг ден дерш хIиттабо. Иштта бу массо йуьртдай а, къеданаш а, молланаш а. Церан гIоьнчий бу гайнаш йуьзнарш. Уьш берриг а Iедална бохкабелла нах бу. Уьш шегахьа болу дела, вайн мостагIий болу дела Iедало вайна тIехIиттийна. Церан цхьабарт бу! Тхуний, тхан захалшний йуккъе деана дов иштта гена дер дацара, тхан а, махкатIхойн а йуьртдай йукъа ца боьллехь. Цара къайлах лелийнчу хIyьцI-пIуьцIалгаша доьллира тхуна йуккъе мостагIалла. Цара тхох а, оха царах а цхьацца стаг вийра. И шиъ дуьхь-дуьхьал а лерина, тхо нисделлера. Наха тхуна йукъахь машар бичахьана, дIадолуш гIуллакх дара. Амма Iедал дуьйлира йукъа. Тхан йуьртда а, пурстоп Чорний а. Йуьртдас пурстопана тIе мотт баьхьнера, цо тхо Ведана дIадийхира. Пхи стаг. Тхан да а, со а, ден вешин ши кIант Iеламха а, Iизраил а, Солтамурдан доттагI Ушурма а. Дахара тхо, карахь герз а доцуш, тхайна тешнабехк, йамартло йийр йу аьлла дагахь а доцуш. Iедал IаддаIийчахьана, иза дIалистаделла даьлла гIуллакх хеташ. Попан баролал чоьхьа, салташна йуккъехь майравелира Чорний. Когаш, куьйгаш дехкийтина, суна тIара туьйхира… Цигара дIа Соьлжа-ГIала а дигна, суьдехь хенаш а тоьхна, Сибрех хьовсийра. ХIунда? Оха йалийна йоI махкатIхойн йуьртдена шен кIантана йезарна. Иза тхан йуьртден хьаша волу дела. Уьш берриг а Iедалан хьаькамаш, бартахой, сан а, со санначеран а мостагIий болу дела. Тхо кIелхьардоху шаьш бохуш, тхо да мел долу хIума а доьхкина, аблакатана делла ткъа туьма а, хи чу тесча санна, дайра. Баьржина дIабахара, тIера боьрша нах дIабевлла, тхан миска бахам а. Полконака шена дина эхь а, тIебеана бала а ца лабелла, аравелира къена ден да. Сибрехахула хьийзийна, йуха а Соьлжа-ГIала набахти далийра тхо. Дов йуха хатта. Aмма Чорний йуха а тIетаьIира тхан гIуллакхна. Цунна хаьара, оцу чуьра со араваьлча, шена хиндерг. Хьалхалерра хенаш тIехь йисира тхуна. Iизраил набахтехь кхелхира. Со ведира. Сибрех кхеравелла а ца ведира. Iожаллех озавелла а ца ведира. Суна ца дицлора Чорнис сайна тоьхна тIара. Суна ца йицлора Добровольскийс, сайн ден ден сира маж а лаьцна, йина йаппарш. Ца вицлора тхоьгара дIайаьккхина йоI шен кIантана йигна махкатIхойн йуьртда. Цундела ведира со. Ца йицлора Ведана гIап а – и кхахьпанийн, хьакхарчийн тунгаре. Цундела ведира со. Царах нийсонан бекхам эца. Халкъан мостагIех бекхам эца. Сайн дегIа чуьра са дIадаллалц царах лета, уьш къинхетамза хIаллакбан.
– Амма Iедало шен зорбанехь ца боху хьо хьалкъан маршонехьа Iедална дуьхьал къуьйсуш ву. Хьо оьрсашна дуьхьал, оьрсийн Iедална дуьхьал ву, хьо
- Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров - Историческая проза
- Игра судьбы - Николай Алексеев - Историческая проза
- Ярослав Мудрый и Владимир Мономах. «Золотой век» Древней Руси (сборник) - Наталья Павлищева - Историческая проза
- Русские хроники 10 века - Александр Коломийцев - Историческая проза
- Злая Москва. От Юрия Долгорукого до Батыева нашествия (сборник) - Наталья Павлищева - Историческая проза
- Фрида - Аннабель Эббс - Историческая проза / Русская классическая проза
- Святослав Великий и Владимир Красно Солнышко. Языческие боги против Крещения - Виктор Поротников - Историческая проза
- Третья Ступень - Александр Волк - Историческая проза
- Бородино - Сергей Тепляков - Историческая проза
- Императрица Фике - Всеволод Иванов - Историческая проза